Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос кхочушъеш ю «Республикин медицинин организацешна говзачу лоьрашца кхачояр» регионан проект.

Россин Федерацин «МогашаллаIалашъяр» къоман проект кхочушъяран Iалашонца дIахьош ю и проект.
МогашаллаIалашъяран министерствон кадрийн отделан хьаькама Дажикова Маликас билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикехь кхочушъечу регионан проектаца лоьраш цатоаран проблема дIаяьккхина а ца Iаш, вайн республикин медицинин учрежденешна, кIорггера хаарш долчу къоначу говзанчашца кхачоян а лерина, цул сов, оцу лоьрашна хаарш тIедуза аьтто бан а лерина. Билгалъяьккхина Iалашо а, декхарш а №204 йолу тIедиллар а оцу проекто лоьрашца кхачояр нисдина ца Iаш, медицинин хьалхара гIо даран службехь лоьрашца кхачояр а нисдийр ду. Масала, онкологин, кардиологин, педиатрин дакъошкахула гIо деш болу лоьраш, медйижарий балха нисбарца».
Проектана юкъадогIу: керла кхуллуш йолчу медицинин учрежденешна лоьраш кечбар; юкъарчу дешаран учрежденийн выпускникаш Iалашонан дешарца деша бахийтар; лоьраш (юкъарчу медицинин дешарца а, лакхарчу дешарца а) маса лор оьшур ву къастор а; ярташкахь, 50 эзар вахархо волчу гIалахь лоьраш, фельдшераш маса везар ву къастор а.
Цул сов, медицинин организацийн хьелаш, кхузаманан лехамашна жоп луш, тодеш, лоьрийн алапа хьаладоккхуш, Iер-дахаран хьелаш тодеш, церан берашна школал хьалхарчу дешарна аьтто беш белхаш дIабахьар а ду проектан Iалашонехь.
Медицинин организацеш лоьрашца кхачояран проекто дIайохур ю лоьраш цатоаран проблемаш. 2024-гIа шо тIекхачале Нохчийн Республикин медицинин учрежденеш медицинин говзачу лоьрашца кхачо йина хир ю.
Дажикова Маликас далийначу терахьашца, 2024-гIа шо кхочуш, министерствона юкъавогIуш 4 468 эзар лор а, 9 961 эзар медицинин юккъера белхахо а хир ву.
Нохчийн Республикехь кхочушъечу регионан проекто йоккха хазна юкъаюьллур ю федеральни «МогашаллаIалашъяр» къоман проект кхочушъярна.
З.ХИЗИРОВА
№72, товбецан (сентябрь) беттан 24 де, 2019 шо