Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира, даздаран хьолехь, Гуьмсан кIоштан керла поликлиника схьайоьллучохь. Иштта, цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Байсултанов Идрис, кхиболу официальни нах, медицинин белхахой.

Цхьана рожехь 1 200 стаг (царах 600 бер) тӀеэца аьтто болуш йолчу оцу поликлиникехь терапевташ а, кардиологаш а, кхиболу говзанчаш а бу. Маммографин, УЗИ-н, ФГДС-н, флюорографин кабинеташ а ю.
Поликлиника (баккхийчеран а, берийн а) шина дакъе екъна ю. Медицинин 23 декъехула лоьраш-говзанчаш бу баккхийчеран поликлиникехь, ткъа берийн поликлиникехь – медицинин 19 декъехула лоьраш-говзанчаш.
Медицинин рогӀера учреждени схьаелларца Гуьмсан кӀоштан бахархой декъал а беш, вистхилира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан: «Вайна массарна хууш ма-хиллара, хIара карара шо Нохчийчохь могашаллаIалашъяран шо ду аьлла дIакхайкхийна ду. ХIинцале а кхочушйина хьалха хIиттийначу Iалашонех дукхахъерш. Керла больницаш, поликлиникаш еш а, йолучарна капитальни ремонт еш а белхаш бу дIахьош. Медицинин керлачу гIирсашца кхачо а ю больницашна еш. Арахьара говзанчаш а бу республикин медицинин хьаьрме балош. Бахархойн могашалла ларъян аьттонаш бу кхуллуш. Коьртаниг, шен хеннахь диспансеризаци яр а, лоьранна тIе вахар а ду. ТIамо эшийначу могашаллина тIе, хIинца кхин цамгарш а ю вайна юкъахь яьржаш, цундела вайх хIорамма а ларъян еза шен могашалла. Дала аьтто бойла шун! Говза лоьраш а, могаш бахархой а хуьлда шун кIоштахь!».

Кадыров Рамзана а, Сулейманов Эльхана а, Гуьмсан кIоштан больницин коьртачу лоьран заместитела Бекмурзаев Султана а, цIен аса а хадош, схьайиллира поликлиника.
Цул тIаьхьа, кIоштан бахархой тIеэцаран а, церан хьашташ кхочушдаран а кхерчан мах хадош, поликлинике хьаьжира республикин Куьйгалхо а, могашаллаIалашъяран министр а, медицинин белхахой а.
Лаккхарчу дикаллица йинчу поликлиникина реза хилла, кхидIа могаша ллаIа лашъяран шеран рогIера декхарш кхочушдан дIасабевлира республикин куьйгалхой.
ВЕГИЕВА Макка
№73, товбецан (сентябрь) беттан 27 де, 2019 шо