Соьлжа-ГIалин мэрехь, коьртехь Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад а волуш, пачхьенан 201 шо кхачар билгалдаккхарна кечамбаран вовшахтохараллин комитетан кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалецира премьер-министра Хучиев Муслима, хьалхарчу вице-премьера Тумхаджиев Iийсас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа, Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима, кIоштийн дайша, кхиболчу официальни наха.
Кхеташонехь дийцаре дира тIебогIучу беттан 5-чохь билгалдоккхур долчу Соьлжа-ГIалин 201 шо кхачарна лерина бечу кечамийн гIуллакх.
Оцу дезачу денна кечамаш беш дан мел леринарг, дикаллина иэшам а ца беш, шен хеннахь чекхдаьккхина хила дезаш хилар хаийтира Даудов Мохьмада.
– Белхаш кхин а жигарабаха беза. Амма маггане а мегар дац дикаллина иэшам бар. Соьлжа-ГIалин 201 шо кхачар билгалдаккхарна бечу кечамийн гурашкахь майданаш а, урамаш а, гIишлош а тояран, цIинъяран белхаш бу дIахьош. Оцу белхашна тIехIиттийначара шайн тергонехь латто безаш бу уьш. ГIалин денна леринчу даздаршка Москвара а, Россин субъекташкара а, кхечу мехкашкара а беза хьеший бу бахка дагахь. Цундела вай декхарийлахь ду оцу денна лерина болу вовшахтохараллин болх лаккхарчу тIегIанехь дIабахьа, – билгалдаьккхира цо.
Иштта, оцу денна леринчу даздаршкахь бахархойн а, хьешийн а кхерамазалла ларъяран хьокъехь дуьйцуш, Парламентан спикера элира: «Бакъонашларъяран органийн куьйгаллина а, белхахошна а хьалха лаьттарг а, вай хIоттийнарг а цхьа Iалашо ю – республикин бахархойн а, хьешийн а кхерамазалла кхачам боллуш ларъяр. Шайна хьалха хIоттийначу оцу декхарца шу ларорг хиларан цхьа а шеко яц республикин куьйгаллин».
И.АДАМОВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 27 де, 2019 шо