Республикера а, кIошташкара а хьал

ГаланчIожан кIошт: нах баьхна шира меттигаш а, кешнаш а карийна

ХӀинццалц евзаш хилла йоцу нах баьхна шира меттигаш а, кешнаш а карийна ГаланчӀожан кӀоштахь нохчийн талламхошна. Иштта хаам бина «Грозный-Информ» хаамийн агентствос.

Ӏилманан-талламан «Евзаш йоцу Нохчийчоь» экспедицин куьйгалхочо Джабраилов Сайд-Эмис билгалдаккхарехь, карийна йолу нах баьхна и шира меттигаш а, кешнаш а шайн башхалла йолуш ду.

«Цу хьокъехь болу берриге а хаамаш дӀа а лур бу, дӀа а кхачор бу Органан историн-культурин а, Ӏаламан а музей-заповедникан белхахошка. Карийна долу шира кешнаш а, нах баьхна меттигаш а талларан Ӏалашонца йоккха экспедици вовшахтоха дагахь ду тхо. ХӀокху меттиган цӀе евзаш яц. Амма хӀинцале а цхьаьнакхетар хилла цӀечойн а, мержойн а векалшца. Болх беш ду вай», – хаийтина цо.

Билгалдаккхар: Нохчийн къоман орстхойн тукхамна юкъадогӀуш долу ши тайпа ду «цӀечо» а, «мержо» а.

ТIехьа-Мартан кIошт: берийн бошмаш ян йолийна

ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Шовданан-Юьртахь а, Хаьмби-Ирзехь а керла берийн бошмаш ян йолийна.

КӀоштан администрацехь билгал ма-даккхара, бошмаш къоман «Демография» проектан гурашкахь еш ю – вуьшта аьлча, «3 шо кхачаза долчу берашна школал хьалхара дешар Ӏамо хьелаш кхоллар – зударшна белхан меттигаш нисъярехь дакъалацар» проект кхочушъярца.

Дагадоуьйту карарчу шарахь республикехь берийн 20 беш схьаелла лерина хилар.

Нохчийчохь хӀинца болх беш берийн 449 беш ю.

Веданан кIошт: воркаутан майда йина Хорачахь

Воркаутана лерина спортан майда йина Веданан кӀоштарчу Хорачахь.

Иза схьаелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Ӏийсас а, Веданан кӀоштан префекта Ахиядов Нурдис а.

Майда схьайиллинчул тӀаьхьа кегийрхошна мастер-класс гайтира «Street Workout Grozny» боламан жигархоша.

Оцу тайпана майданаш, карарчу шарахь, ГӀоьрдалахь (Гуьмсан кӀошт) а, Дуби-Эвлахь (Шелан кӀошт) а, Ӏели-Юьртахь (Теркан кӀошт) а, Ялхой-Махкахь (Курчалойн кӀошт) а, Майртуьпахь (Курчалойн кӀошт) а, Кхара-Кхаьллахь (Шелковски кӀошт) а, иштта, Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а йина.

Соьлжа-ГIала: автобусийн керла маршруташ

Соьлжа-ГӀалара автобусаш Ярославле а, Санкт-Петербурге а лела юьйлаелла. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министерствос.

Керлачу шина а маршрутаца автобусаш «Малхбузе» автовокзалера дӀа гIур ю:
– Санкт-Петербурге – хӀора а шинарин дийнахь (14:00);
– Ярославле – кхаарин а, шоьтан а деношкахь (10:00).

Курчалойн кIошт: хин биргIанаш хийцар

40 километр сов хин биргӀанаш хуьйцур ю Курчалой-ГIалахь 2019-чу шарахь.

Карарчу хенахь 49 урамера биргӀанаш (30 км) хийцина бевлла белхалой. Кхин а 8 урамера биргӀанаш (10 км) хийца езаш ю.

Хин биргӀанаш хьалха аьчканаш хиллехь а, хӀинца полипропиленан хир ю, шайн диаметр 63 а, 110 а мм а йолуш.

Уьш хийцаро Курчалой-ГIалин бахархошна хи цатоар дӀадоккхур ду – и халонаш меттигерчу бахархоша лов иттех шо а дара.

Берриге а белхаш дӀахьош бу Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммуналан бахаман а министерствос.

Соьлжан кIошт: кIоштан цIе хийцар къобалдина

Соьлжан кӀоштан цӀе хийцар къобалдина республикин Парламентан депутаташа.

ХӀинццалц шайн кӀоштан цӀе «Соьлжан» хиллехь а, хӀинца цунна «Эна-Хишкан» цӀе тилла аьлла, Нохчийн Республикин Парламенте дехар динера Соьлжан кӀоштан Депутатийн кхеташоно.

КӀоштан цӀе хийцар къобалдаран а, цӀе хийцарна оьшуш йолу харж билгалъяккхаран а кехаташ, экспертиза яйтархьама, Пачхьалкхан регистрацин а, кадастран а, картографин а федеральни службе дахьийтина.

Итон-Кхаьллан кIошт: «Ведучи» курорт кхиор

«Ведучи» курортехь когсалазаш хахкаран (берригмуьран) кхин а цхьа некъ кечбан дагахь ю акционерийн «Къилбаседа Кавказан курорташ» юкъаралла. Оцу балхана 256 млн. сом дайа реза ю юкъаралла.

Цул сов, некъана хӀоттийна проект а яцахь а, цунна туьллур йолу цӀе хӀинцале а евзаш ю – «VP15».

ДӀакхайкхийначу тендерца нийса а догӀуш, конкурсан толамхо декхарийлахь хир ву инженерин талламаш бан а, проект хӀотто а, некъ кечбаран белхаш дӀабахьа а.

Хьалха-Мартан кIошт: канализацин сеташ тояр а, цIинъяр а

20 урамехь канализацин сеташ тояран белхаш дӀахьош бу Хьалха-МартантӀехь.

Карарчу хенахь 20 километр сов сеташ тойина а, меттахӀиттийна а бевлла белхалой. Ӏалашонца нийса а догӀуш, оцу гӀалахь тоечу а, цӀинъечу а, меттахӀитточу а канализацин сетийн йохалла 25,5 км хила езаш ю.

«Нохчийн Республикин бахархошна хӀусамийн-коммуналан бахаман хьашташца кхачоярна хьелаш кхоллар» подпрограммин гурашкахь Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммуналан бахаман а министерствос дӀахьош бу и белхаш.

Цул сов, оццу подпрограммица нийса а догӀуш, Хьалха-МартантӀехь хиш цӀандойла ян а лерина.

И.ИСЛАМОВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: