ХIокху шарахь Нохчийн Республикехь дIахьош ю Ерригроссин хьехархойн «Россин хьехархо – 2019» конкурс.

Финалисташна юкъахь дIахьош ю хьалхара (очни) «Хьехархо-говзанча» тур. Оцу турехь шина талламах чекхвала веза конкурсант. Уьш «Дарс» а, «Классал арахьара белхаш» а аьлла тIедахкарш ду.
Товбецан (сентябрь) беттан 23–25-чуй деношкахь конкурсанташа кхочушдира очни туран хьалхара тIедиллар.
Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназин а, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин а дешархошна шайн предметийн дарсаш хьийхира цара.
«Дарс» зерех чекхбовлучу конкурсанташа хьалххе билгалъяьхна яра шайн предметийн дарсаш дIадахьа лерина классаш.
Рузманан-тематикин планашца нийса а догIуш, дарс долчу дийнахь хила езаш йолу тема а хьийхира хIора а кункурсанта. Нагахь, шен говзаллин дарс школехь хьоьхуш дацахь, шайн лааме хьаьжжина, къастийначу темина дарс дала бакъо яра церан.
Ша муьлхачу предметан хьехархо ву а, дарсан Iалашо а, и хьехаран методика а йовзийта 15 минот хан лора хьехархочунна, ткъа ша дарс 35 минутехь дара.
Цул тIаьхьа, хьехархочунна-конкурсантана, шена хеттачун хьесап дан а, жюрин хаттаршна жоьпаш дала а 10 минот хан лора.
Хьехархойн говзаллин мах хадош, жюрина юкъахь бара кхул хьалхарчу шерашкахь «Шеран хьехархо» конкурсан дакъалацархой хилла, зеделларг долу хьехархой.
Онлайн-трансляцица https://teacherofrussia.edu.ru сайта тIехь хьеннан а йиш яра хьехархоша-конкурсанташа лучу дарсашка хьажа а, хьехархойн хьунарийн а, говзаллин а мах хадо а, шайна дика хеттачу хьехархочунна шайн кхаж дIабала а.
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№73, товбецан (сентябрь) беттан 27 де, 2019 шо