«ЦIахь пенаша а гIо до», – олуш кица ду футболъезархошна юкъахь лелаш. Амма тIаьхьарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» командин футболисташна я пенаша а, я футболъезархоша а дечух гIо хуьлуш дац.
Вуьшта аьлча, шена дуьхьал ловзуш йолчу командашна тIехь, тIаьхьарчу хенахь, толам баккха аьтто хуьлуш яц «Ахмат» я шен цIахь а, я хьошалгIахь а.
Иза толаме ца кхочуш ялх матч дIаяьлла.
Товбецан (сентябрь) беттан 21-чу суьйранна Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионехь хилла цхьаьнакхетар а чекхделира цхьа а ца тоьлаш.
Оцу суьйранна «Ахмат» Самарерчу «Крылья Советов» командица ловзуш яра.
Нийса хир дацара хIусамдай вон ловзура аьлча. ХIан-хIа, вон ца ловзура уьш. Толаме кхача а, гол тоха а гIертара. Цу тIехь церан дика аьтто а белира.
Цхьаьнакхетаран 28-чу минотехь хьешийн кевна чу буьрка тохарца билгалвелира «Ахматан» футболист Пенсе Андреа. Хеталора, цул тIаьхьа а вайн футболисташ иштта дика ловзур бу аьлла.
Амма гол тоьхначул тIаьхьа уьш мелла а паргIатбевлира. ШолгIа а, кхоалгIа а гол тоха саготта ца гора, къаьсттина шолгIачу тайман чаккхенехь.
Делахь а, цхьаьнакхетаран тIаьххьара секонд чекхъяллалц сема хила везаш ловзар ду футбол. Жимма а команда малъелча, дуьхьал ловзуш берш жигарабовлу. Иштта нисделира хIокху матчехь а.
90 минот чекхъяьллачул тIаьхьа суьдхочо тIетоьхначу хенан 4-чу минотехь «Крылья Советов» командин футболисташа «Ахматера» толам дIабаьккхира, вайн командин кевна чу буьрка тоьхнарг Карпов Максим вара.
Цу тайппана, жамI 1:1 долуш, цхьа а ца тоьлаш, чекхделира и цхьаьнакхетар.
ХЬ.САЙДАЕВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 27 де, 2019 шо