А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин институтан говзанчаш Нохчийчохь хилира

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан цхьаьнакхийтира А.Н.Бакулевн цIарахчу деган-пхенийн хирургин медицинин Iилманан-талламан къоман институтан говзанчашца.

Россехь а, дуьненахь а гIараяьллачу институтера делегаци Нохчийн Республике белхан гIуллакхца еанера. Оцу тобанна юкъахь вара тахиаритмин отделенин заведующи Сергуладзе Сергей, коронарни хирургин отделенин куьйгалхочун заместитель Старостин Максим, берийн кардиохирург Матаев Виктор, берийн кардиолог Заграй Алексей.

Москвара баьхкинчу лоьрийн Iалашо яра вайн республикин деган-пхенийн хирургин службин белхан мах хадор а, церан балхахь йолу проблемаш дIаяхарехь гIо-накъосталла дар а.

Хьешашна вайн республикин больницаш гойтуш, хьалхаваьлла вара МогашаллаIалашъяран министерствон эндоваскулярни кепашца диагностика яран а, дарба даран а коьрта говзанча, ТIеман ветеранийн республикин клиникин госпиталан коьрта лор Индербиев Тимур.

Соьлжа-ГIалин дарбанан-профилактикин учрежденешка а, цул сов, Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больнице а, I.Ханбиевн цIарахчу №1 йолчу клиникин больнице а, ТIеман ветеранийн республикин клиникин госпитале а кхечира уьш. Цигахь говзанчаш хьаьвсира коронарни синдром йолчу дархошна дарба лелоран хьелашка а, лоьрийн говзалле а.

Нохчийн Республикин деган-пхенийн хирургин службин лоьраша бечу балхана реза хилира Москвара говзанчаш.

Иштта, цхьаьна дIахьочу белхан эвсаралла кхин а лакхаяккха езаш хилар а билгалдаьккхира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№73, товбецан (сентябрь) беттан 27 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: