Россехь товбецан (сентябрь) беттан 27-чу дийнахь кхетош-кхиорхочун а, школал хьалхара долчу дешаран берриге белхахойн а де билгалдоккху.

Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь а дIадаьхьира цу денна лерина даздарш, иштта, «Шеран кхетошкхиорхо – 2019» конкурсан толамхой билгалбахар а.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Правительствон школал хьалхарчу дешаран комитетан председатель Жунаидов Асланбек, республикин Куьйгалхочун школал хьалхарчу дешаран гIуллакхашкахула гIоьнча Кадырова Зарган, берийн бошмийн кхетош-кхиорхой.
Кхетош-кхиорхойн болх бовзуьйтуш видеокийсак гайтинчул тIаьхьа, дош делира А.Жунаидовна. Цо элира: «…ХIокху системехь хIоьттина долчу хьолах лаьцна дийца лаьара суна жимма. 2000-гIа шераш дуьйладелча хIара система а, цхьа а берийн беш а яцара. Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс школаш а, берийн бошмаш а меттахIитто еза аьлла, болх дIаболийра. Цул тIаьхьа дуккха а шераш девлла. Таханлерчу дийнахь оцу системехь долу хьал къахьегна а, къахьоьгуш а ца хилча хир дацара. Нохчийчохь 452 берийн беш ю, цигахь кхетош-кхиош 80 эзар гергга бер а, болх беш 21 эзар ах эзар сов стаг а ву. Бинарг боккха болх бу. ХIокху шарахь 22 берийн беш ю ян лерина, царах 4 йина яьлла. Дала мукъ лахь, шо чекхдалале вуьш а йина евр ю. Цига, кхо шо кхачаза, 2 660 бер схьаэца аьтто хир бу. Зарган хьо а, шолгIа наной а хилла дIахIиттина кхетошкхиорхой а, берашца болх беш берш берриге а Дала эша ма бойла вайна. Бераш вайна дукха а дахадойла, Дала уьш беркате а кхиадойла, церан вуо ца гуш, церан юьхьIаьржонах Дала лардеш, кханалерчу дийнахь вайн метта дIахIитта хьакъ ма-ббу уьш кхио Дала ницкъ, хьуьнар, кхетам лойла вайна. Дикачу хIуманна тIехь массеран Дала аьтто бойла».
Цул тIаьхьа сцени тIе кхайкхира ГI.Таймасханов. Цо дезачу денна лерина Р.Кадыровн декъалдар дIадийшира: «Хьоме доттагIий! Ас даггара декъалдо шу кхетош-кхиорхочун а, школал хьалхарчу дешаран берриге белхахойн а денца. Аш шайн дахар дIаделла хала а, жоьпаллин а, мехала а болчу къинхьегамна. Дай-наношца цхьаьна, аш гIо до берашна дуьне довза, кхетош-кхиоран баххаш а, культура а Iамайо. Берийн бошмашкахь берашна хьалхара хаарш девза. Гонаха болчаьрца лараме хила а, Даймохк беза а Iамадо. Вайн бераш хьакъ боллучу безамца, дика гIайгIа а беш, терго а еш, кхиорехь шуьгара гIо-накъосталла оьшу тхуна. Кхетош-кхиорхо хилар – иза лаккхара похIма хилар ду. Шун кхетамех а, берийн ечу тергонах а доьзна ду вайн хиндерг. Республикин хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс болийна некъ дIахьош, вай дерриге а хьелаш кхоьллина бераш кхетош-кхиорна. ХIора шарахь алсамйовлуш ю школал хьалхарчу дешаран учрежденеш. Цигахь 79 эзар сов бер ду. Со тешна ву тIейогIучу хенахь а аш лаккхарчу жоьпаллица шайн болх бийриг хиларх. Дезачу денца декъалдо шу!».
Школал хьалхара дешар кхиорехь къахьегарна сийлаллин билгалонца совгIаташ дира: Соьлжа-ГIаларчу №29 йолчу «Туьйра» берийн бешан куьйгалхочунна З.Дадаевана, ТIехьа-МартантIерчу №1 йолчу «Туьйра» берийн бешан кхетош-кхиорхочунна А.Дадаевана.
НР-н Куьйгалхочун цIарах Сийлаллин грамоташ елира: Йоккхачу-АтагIарчу №1 йолчу «Туьйра» берийн бешан кхетош-кхиорхочунна Л.Майрбекована, Теркан кIоштарчу №2 йолчу «Седарчий» берийн бешан кхетош-кхиорхочунна Р.Хабуевана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Баркаллин кехаташца совгIаташ дира Соьлжа-ГIаларчу №116 йолчу «Светлячок» берийн бешан куьйгалхочунна Л.Идалована, ТIехьа-МартантIерчу «Родничок» берийн бешан хьехархочунна Хь.Лабазанована.
Республикин корматаллин «Шеран кхетош-кхиорхо – 2019» конкурсан толамхой билгалбехира.
3-гIа меттиг яьккхира Невран кIоштарчу №2 йолчу «Родничок» берийн бешан кхетош-кхиорхочо Ю.Манченкос, 2-гIа меттиг яьккхира Оьрза-ГIаларчу «Нона» берийн бешан кхетош-кхиорхочо М.Гучиговас, 1-ра меттиг – Гуьмсерчу №5 йолчу «Хадиджа» берийн бешан кхетош-кхиорхочо З.Гациевас.
Царна Сийлаллин грамоташ а елира А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондера ахчанца совгIаташ а (50, 100, 150 эзар сом) дира.
Л.ИБРАГИМОВА
№74, эсаран (октябрь) беттан 1 де, 2019 шо