Суьйра-Коьртахь тоечу каппашкахь хилира Р.Кадыров

Соьлжа-ГӀалин Октябрьски кӀоштарчу 35-чу а, 56-чу а каппашкахь (Суьйра-Коьрте) бечу белхашка хьаьжира Кадыров Рамзан.

Куьйгалхочуьнца цхьаьна вара Правительствон хьалхара вице-премьер Тумхаджиев Ӏийса а, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахӀим а.

Юьйцучу каппашкахь дукха белхаш бина: некъаш силаман чкъураца шор а, шар а дина, 35 цӀа то а дина.

Цул сов, деш ду кхин а 42 цӀа а, 23 коттедж а, берашна ловза майданаш а, иштта, хуьйцуш ю инженерийн сеташ а.

Цу тӀе, 56-чу куьпахь еш хьажаран майда а ю – иза иттех метр лекха хир ю, гонахара майда кечйина а йолуш.

Хьажаран майда ечу лакхене хьала а ваьлла, лаха чохь «Iуьллучу» Соьлжа-ГIаланах шен бIаьргкхетча, республикин Куьйгалхочо элира: «ГIалин урамашкахула дIасалелаш иштта ца го я гIала а, я гIалара хьал а. СоьлжаГIала лакхара охьахьаьжча ган лууш, беркеманна тIехь а хьалаваьлла со. Амма оьшург кхин хилла – Суьйра-Коьрта хьала а ваьлла чухьажар. Кхузара чухьаьжча гуш ду вайн гIала хаза а, баьццара а хилар. Делахь а, кхин цхьа хIума а го вайна: кхунах йоккха гIала ян лууш вай делахь, дуккха а белхаш бан беза».

Цул тIаьхьа меттигерчу бахархошца а, къаьсттина кегийчу, къоначу бахархошца а къамелаш хилира Кадыров Рамзанан.

Цо дийцира цаьрга нохчий майра хилла ца Iаш, ийманехь чIогIа болуш а, хьекъалехь ира болуш а, спортехь каде болуш а хила безаш хиларх лаьцна.

Халахеташ делахь а, гIалин куьйгалле сагатдойтучун хьокъехь ша сема хилар а хаийтира республикин Куьйгалхочо – берашна лерина ловзаран майданаш баккхийчара хIаллакьяран проблема ю юьйцург.

Кадыров Рамзанан дIадолорца, видеокамераш хIитто йолор ю майданашкахь, ткъа уьш йохош я хIаллакьеш гучуваьллачуьнга, ша дина зен ахчанца меттахIоттадайтина ца Iаш, некъаш а, кешнаш а цIандарехь дIахьочу белхешкахь жигара дакъалаца декхарийлахь а вийр ву.

Дагадоуьйту юьйцуш йолу ший а куп меттахIотторна ахчанца гIо-накъосталла деш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Юкъараллин гIоьналлин фонд хилар.

Иштта, тIахьуо билгалдаьлла махиллара, Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан 35-гIа а, 56-гIа а каппаш цхьаьнатоха дагахь ду пачхьенан куьйгалла, царна «Орцин-Мохк» цIе а туьллуш.

Оцу хьокъехь болчу сацаман проект зорбатоьхна ю Соьлжа-ГӀалин Думин сайта тӀехь.

Билгалдаккхар: Чермоев Орца Россин эскарехь дуьххьарлера нохчийн инарла, нохчийн дошлойн полкан командир хилла.

И.ИСЛАМОВ
№74, эсаран (октябрь) беттан 1 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: