Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос Нохчийн Республикин Iилманийн Академица цхьаьна дIакхайкхийна гIараваьллачу яздархочун, поэтан, Iилманчин Гадаев Мохьмад-Салахьан дахар а, кхолларалла а йовзуьйтуш язйинчу говзарийн республикин школийн дешархойн конкурс. Иштта хаам бина министерствон пресс-службо.
ХIокху шарахь гIуран (декабрь) беттан 6-чу дийнахь 110 шо кхочу Гадаев Мохьмад-Салахь дуьненчу ваьлла. Iилманийн белхийн автор хилла а ву иза. Уьш бу: «Основные законы диалектики механического движения неорганической материи», «О количественных и качественных изменениях в процессе развития», «Движения неживой материи», «Простые размышления о сложных вещах», «О вайнахском стихосложении», «Временные, качественные изменения материального мира», «Основные законы диалектики неорганической химии», «Программа выявления звезд (спектр-плотность)».
Цул сов, говза гочдархо а хилла М-С.Гадаев: цо нохчийн матте яьхна М.Лермонтовн, Л.Толстойн, А.Пушкинан, Н.Некрасовн, Т.Шевченкон говзарш.
Гадаев Мохьмад-Салахьа язйинчу байташна мукъамаш баьхна, уьш нохчийн халкъалахь даха дисинчу иллийн могIарехь а ду: «ГIум-Азин арахь», «ЦIен Берд».
Уггаре а хьалха иза вевзина нохчийн къомах дог лозу къонах санна, шен халкъана тешаме кIант санна.
Нохчийн халкъ махках даьккхина Казахстанан а, ГIиргIизойн а мехкашкахь мацалла хьоьгучу хенахь, Гадаев Мохьмад-Салахь ялташ Iалашдечу складе балха нисвелла хиллера.
Советийн Iедалан хьадалчаша: «Ялта дац. Дерриге а – фронтана!» – бохуш хилла, амма Мохьмад-Салахьа нохчашна дIадекъна хилла складаш чуьра кIа.
Иштта къонах хилла иза. Нохчийн зудчун сий шаьлтанца лардинчу кIентех цхьаъ а хилла иза.
№74, эсаран (октябрь) беттан 1 де, 2019 шо