Иттех шо ду шен зевнечу эшаршца, башхачу озаца Муртазова Элинас вайн махкахойн лерса хьоьсту. МаьIне а, чулацаме ю къоначу артисткас дIа мел локху йиш.

Иза генарчу Казахстанехь йина, хьалакхиъна ю. Чимкентехь дIадахана цуьнан мерзачу бераллин шераш. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа.
Дай баьхначу лаьттана генахь яра аьлла, Нохчийчоь ца езаш а, ойланаш Даймахках ца хьерчаш а яцара Элина. Къаьсттина самукъадолура йоьIан нохчийн къоман мукъамашка ладогIа аьтто баьлча.
Бераллехь дуьйна сема лерса долуш йолчу цунна, цкъа хезначу муьлххачу эшаран мукъам дагахь буьсура, и йиш юха ша дIалакха а хаьара. Дуьххьара эшарш лакха Элина Чимкентерчу школехь йолаелла. Оьрсийн маттахь а, нохчийн маттахь а йиш дIалакха вокалан башха таронаш яра цуьнан.
Нийсархошна чIогIа хазахетара цо йиш локхуш. Магнитофон тIе дIаязйина, даима а цIахь лоькхуьйтуш Межиева Маккин, Айдамирова Айманин, Дадашева Тамарин, Ташаева Мареман эшарш яра Элинин.
Хатуев Iабдул-Хьамидан дешнаш тIехь ша мукъам баьккхина Димаев Iелас дIаолуш долу «Бусалба Нохчийчоь» илли шена дуьххьара хезча, цхьа тамашийна тохаделла, дог тIекIалделира йоьIан. ХIетахь дуьйна Элинина дукхадезачарах цхьаъ ду иза.
2009-чу шарахь Казахстанера дай баьхначу махка цIаерзар а оцу иллица доьзна хила там болуш ду. Дуьххьара йогIуш-м иза Нохчийчу хьошалгIа еана яра. Делахь а, денна цIинлуш лаьттачу Даймахках бIаьргкхетча, Iехаделлачу даго, массо ханна а, Нохчийчохь сацийра Элина.
2011-чу шеран чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь дуьйна Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонехь солисткин болх беш ю и.
Адамаллех юьззина, тайна амал ю цуьнан. Белхан накъосташца мегаш, тарлуш чекхйолуш ю, цкъа а дан дезачунна пе тоьхна а яц. Филармонис кест-кеста кечъечу концерташкахь жигара дакъалоцуш ю.
Элинин похIма, зевне аз, хьуьнар тидаме эцна, 2014-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу артист» сийлахь цIе елира къоначу артисткина.
Хьаналчу къинхьегамца яьхначу толамийн ирхенех тоам беш яц и. Кхоллараллин кхиарехь хаддаза шена тIехь болх беш ю иза.
Элинас, балхана юкъара ца йолуш, 2018-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан мукъамийн факультет.
Тахана нохчийн къоман эстрада къагийначу къоначу иллиалархойн могIаршкахь тоьллачарех цхьаъ ю иза.
Къаьсттина вайн махкахошна дукхаезачарах ю цо дIалокхуш йолу «Безаман гIайгIа», «Даймохк», «Даймехкан кIант», «Хьоме везар», «Кхоьллина хьо», «ТIам шера кхокха», иштта дуккха а кхийолу эшарш.
2015-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь дуьйна «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлахь цIе дозаллица лелош ю вайна массарна дукхаеза похIме эшаршлакхархо Муртазова Элина.
А.АРАПХАНОВА
№74, эсаран (октябрь) беттан 1 де, 2019 шо