(Юкъараллехь гучо кхоьллина ойланаш)
«Боьхна болх бу», – олура вайн баккхийчу наха, цхьаьнгара, шаьш реза доцу, осала хIума даьлча. Шайн лазам ца гайта олуш хилла хир ду-кх цара иштта.

Нохчийн гIиллакх-Iадат дохош долу керла, хийра хIуманаш дукха даьхкина вайна юкъа, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь къаьсттина.
Хьалха заманахь гIаланашкахь бехаш болу нах хуьлура вайн халкъан йоцучу мехаллашна тIетийжаш, кхечу, «советски» къепенах доьзалан къепе ян лууш.
Иштта, цхьаболчу нахана бен-башха ца хета шайн доьзалехь нохчийн мотт цабийцар а, кIанта шен бер шен да-нана долчохь караэцар а, хьастар а, нуц, денна бохург санна, стунцахойн чу хIиттар а.
ХIинца цхьабосса ду гIалахь а, юьртахь а. «Светски», «модни», «продвинути» бохуш, масане ду уьш, нах шайн къоман хотIах, шайн дайн орамех хербина, шаьш нохчех тера ца хилчахьана, цара баьрчче даьхна кхечеран «гIиллакхаш».
Вайн кегийрхоша юкъараллин транспорта чохь шайн «езаре», «везаре», массарна а хезаш, къамелаш дан а долийна. ЙоIана улле хIоьттина йогIуш нана я дейиша елахь а, бегаш бар а могуьйту, «иза сан доттагI ву» бохуш, зудабераш кегийчу нахаца ара-чу бовлар а могуьйту.
Сайна гуш йолу ледарлонаш, нохчийн халкъан вадца ца йогIу сонталлаш ягаръян Iалашо яц сан тахана. Амма, вайх, вайн нахах, нохчийн оьздангаллех, эхь-бехкан бустам хилла лаьттинчу гIиллакхех вайна ваьш деш дерг гойла лууш яздо. Тахана нохчийн мотт, гIиллакх, Iадат лелор доьхкуш дац вайна я мехкан Iедало а, я республикин куьйгалло а.
Амма вай, дукха сихдинчу боларца, херлуш, генадовлуш ду нохчийн гIиллакхех къаьхкина. Нохчийчоьнна юккъехь йолчу цхьана йоккхачу юьртахь хIокху аьхка хилларг ду хIара.
ЙоI маре йоьдуче гулбелла нах бара. ЙоьIан дехой, ненахой, лулахой. Делкъа хенахь нускал дIадига богIучу нехан машенийн ковр схьакхечира. Маре йоьдург массарна а мараетталуш яра. Нохчийн доьзалехь йоIана захало тIедеача иза дена а, вежаршна а гучуялар эхье дара хьалха, ткъа хIинца оцу йоIа а, цуьнан нанас а массаьрца «доькъу» и шайн ирс.
Эххар а, нускал арадоккхучу хIусаман лами тIе теттира «нускалан машен». ЙоIа шен да схьакхойкху «на память суьрташ» дахийта. Фотосесси йо цара. Шовзткъе итт шаре ваьлла ву йоьIан да, жима вац иза я хийрачу махкахь кхиъна а вац.
ЙоIа, шена дехьа-сехьа хIотта олуш, суьрташ дохуьйту. Церан массеран а Iодикайой, маре йоьду йоI. Жимма а яхь йолу нохчи реза хир воцуш кеп яра иза. ЙоьIан дехой реза бацара, юьхьIаьржа бара шайн вашас могуьйтучунна.
«Виий Дела! ХIинца и хIуманаш лела а ца дора-кх! Даккхийтича хIун ду Тошкас шен деца сурт?! Наха а ма дохуьйту уьш хIинца!», – бохура йоьIан нанас.
Баккхийчарна хаьара иза мел осала хIума ду. Амма иза иштта хилар эхь а дац, иза мегаш а ду аьлла, кегийрхошна хетарал доккха а, ирча а, кхераме а зулам дан дацара, хуьлийла а дацара эццахь.
Зудчо доьзал бузорах, цо сискал латторах 1990-чу шарахь дуьйна доьлла вай. Ткъа хIара хIун ду?! Зудчо гIо алахь, кхана и хьайн йоI маре дIаэцна а гIур ву техьа хьо, нохчийн стаг?
Тоххара, советийн заманахь СССР пачхьалкхан куьйгалхочо Хрущев Никитас бина кхайкхам бара: «Кадры решают всё!» аьлла, ткъа хIинца: «Зударий решают всё!» ала мегар ду…Стага ша дIаелла шен дешан бакъо, шен меттиг.
Шелан кIоштарчу ЭгIаштахь вара Iумар бохуш Iеламстаг (Дала гечдойла цунна). Цо доцца элира вайн заманах: «Хьенех, хIара дерриге а муха, мичахь дIадоладелира хаьий хьуна? Цкъа хьалха, эхь дIадаьккхира. Цул тIаьхьа хIумма а ца деара новкъа».
Нохчалла ен йоккха топ а ца эшна, шаьлта, танк, мостагIийн къизалла а ца эшна. Доьзалан дас шен доьзалан нене «Нахана магахь а, суна ца мега иза!» – олуш, осалалла хадош, дош ца алахь дIаяларна кхерам бу вайгара нохчалла.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№74, эсаран (октябрь) беттан 1 де, 2019 шо