Хьомсара махкахой! Тахана вай билгалдоккху башха деза де – Соьлжа-ГIалин де!

Вайн пачхьенан, бIаьхаллин сийлаллин гIалин 201 шо кхаьчна. И де вайх хIорамма а рогIера де санна тIеэцна Iаш дац. XX-чу бIешеран чаккхенехь а, XXI-чу бIешеран юьххьехь а бохамечу хиламех цуьнца цхьаьна чекхдевлла долчу вайна массарна а къаьсттина мехала а, деза а ду хIара де.
Вайна дагахь а лаьтта, цкъа а йицйийр а яц вайн хьоме гIала саьлнашкахь Iиллина хан. Соьлжа-ГIалин сийлахьчу оьмаран чаккхе ю моьттура иза дукхахболчарна, моьттура иза кхин цкъа а меттахIотталур яц. Нохчийн Республикин пачхье меттахIотто, денъян гIортар цхьа а маьIна долуш хIума дац бохуш къамелаш дора дукхахболчу политикаша.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, сацам боллуш, юхатуьйхира и къамелаш, цо дIахьедира гIала хьалха а санна дийна а, хаза а, заза хецна кхуьуш а хила еза, иза меттахIотто а еза, аьлла. Россин Президента Путин Владимира гIолацар бахьанехь вайн и дан аьтто а белира. Йоццачу хенахь, дерриге а халкъан хIайттараллин къинхьегам а, вуно доккха хьуьнар а бахьанехь Соьлжа-ГIала, саьлнех дIа а цIанйина, юха йира.
Халкъан и турпалаллин кхиам дуьненан тидамза буьсийла дацара. Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацис (ООН) чIагIдира тIеман къийсамаш хиллачул тIаьхьа уггаре а дика, сиха меттахIоттийнарг Соьлжа-ГIала хилар.
Тахана вайн пачхье шен хазаллица, аьхналлица, бегIийлашца, хазачу меттигашца иттаннаш эзарнаш туристаш тIеийзош йолу туш хилла дIахIоьттина. Хьешийн барам, шо-шаре даларца, алсамболуш бу. Уггаре а коьртаниг – уьш кхузара дIабоьлху дог-ойла айаяларца, шайца исбаьхьа битамаш хьош.
Вай дозалла до Соьлжа-ГIала ерригроссин тайп-тайпанчу рейтингашкахь дукхахболчу гайтамашца хьалхарчу меттехь хиларх, кхиаран боларшкахь лаккхарчу жамIашка кхочуш хиларх. Кхузахь дIахьо дуьненан тIегIанера мероприятеш. Кхуза, баккхий а беш, богIу паччахьаш, принцаш, цIеяххана болу политикаш, юкъараллин гIуллакххой, спортсменаш, артисташ. Хиндолчуьнга хьаьжча и хIумма а доцург ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьехначу некъа тIера дIаса ца таьIаш, хьалхахьа доьлхуш ду вай.
Делахь-хIета, тIейогIучу хенахь кхин а бIаьрла кхиамаш хир бу вайн.
Ас кхин цкъа а, хазахетарца, ГIалин денца декъалво Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим а, ткъа иштта, пачхьенан берриге а бахархой а, хьеший а!
Лаьа церан аьтто, ирс, вайн Даймехкан а, вайн гIалин а беркат деборехь бIаьрла кхиамаш хуьлийла!
№75, эсаран (октябрь) беттан 4 де, 2019 шо