Нохчийн кегийрхойн денца доьзна НР-н Куьйгалхочун декъалдар

Хьомсара доттагIий! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн кегийрхойн денца! Шу – вайн Республикин хиндерг, цуьнан сатийсам, гIортор ю.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа чIогIа доглозуш вара тIекхуьучу тIаьхьенах, гIайгIа йолуш вара бIешерийн зилехь, Iеха а бина, тIеман къийсамна юкъаозийна болчу кегийрхойн. Цуьнан ницкъ кхечира эзарнаш кегийрхой хIаллакьхиларх кIелхьарабаха.

Ахьмад-Хьаьжас боккха тидам тIебохуьйтура кегийрхой кхиорна хьокъала доллу хьелаш кхолларна, царна белхан меттигашца кхачоярна, кегийрхойн политикин декъера программаш кхочушъярна. Оцу некъашца дIаяьхьначу политико дика тIаьхье а елира.

Тахана вай дозалла дарца дуьйцу вайн кегийрхойх лаьцна. Цара йоккха хазна юкъаюьллу экономика, социальни дакъа кхиорна, дикачу агIор гойту юкъараллин дахарехь, баккхий кхиамаш боху спортехь, культурехь, Iилманехь. Вайн кегийрхоша лардо къоман ламасташ, гIиллакхаш, дайн Iадаташ, лакхаболуш бу церан синкхетам, чIагIлуш ду ийман.

Царна вуно дика хьелаш кхоьллина корматаллаш караерзо, спортехь гIуллакхаш дан. Махкахь а тоьлла йолу спортан объекташ схьайиллина Соьлжа-ГIалахь а, ерриге а кIошташкахь а.

Хьомсара доттагIий! Шуна къинхьегам безарх, шун корматаллех, граждански онддачу хьежамех доьзна хир ду республики кхиар а, адамийн дахаран хьал а, токхо а.

Цкъа а къар ма лолаш, даима а хьалхахьа гIолаш! Майрачеран бен хуьлуш бац аьтто!

Даггара лаьа дерриге а дикачу дIадолорашкахь шун баккхий кхиамаш хьулийла!

Дала аьтто бойла шун!

№75, эсаран (октябрь) беттан 4 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: