Хьехархочун дерригдуьненан денца доьзна НР-н Куьйгалхочун декъалдар

Лараме хьехархой а, хьехаран белхан ветеранаш а! Декъалдо шу шайн корматаллин денца!

Хьехархочун къинхьегам муьлхха а пачхьалкхан хиндерг кхолларна юкъаюьллу махбоцу хазна ю. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Хьехархочо къам кхуллу». Иза шеко йоцу бакъдерг а ду.

Вайна массарна а дагадогIу тIом чекхбаьллачул тIаьхьарчу шерашкахь вайн дешар муьлхачу хьолехь дара – йохийна школаш, аьнгалийн метта корашка тоьхна пардонаш, классашкахь хилла буржуйкаш, дешарна оьшу цхьана а кепара гIирсаш цахилар, хьехархой цатоар.

Ахьмад-Хьаьжас, уггаре а хьалха, республикин дешаран хьаьрма меттахIотто йолийра. Цо лаккхара мах хадабора хьехархойн къинхьегаман, дозалла дора тIеман муьрехь вуно чолхечу хьелашкахь болх бечу нохчийн хьехархойх.

Ахьмад-Хьаьжас, геннарчу юьртахь йина жима школа бен иза яцахь а, доккхачу хазахетарца тIеоьцура рогIера школа схьаелларе кхайкхар.

Цуьнан весеташ кхочушдеш, вай къаьсттинчу тергонехь латтадо дешаран дакъа. Iаморан-кхиоран белхан тIегIа а, дикалла а лакхаяккхарна оьшу дерриге а хьелаш ду тахана вайн хьехархойн. Республикехь болх беш ю юкъарадешаран 479 школа, оцу школашкахь доьшуш 280 эзар гергга дешархо а, болх беш 25 эзар сов хьехархо а ву.

Карарчу хенахь хьехархочун говзалла юха а, хьалха санна, уггаре а сийлахьчу, ларамечух цхьаъ ларалуш ю. Нохчийн Республикин хьехархойн къинхьегам билгалбоккхуш, шеран юьххьехь Соьлжа-ГIалахь Хьехархочун сквер схьайиллина.

Вай цкъа а дицдийр дац цара тIеман бохаман шерашкахь, шайн дахар ца кхоош, шайн корматаллин декхар кхочушдар!

Вай цкъа а бицбийр бац шайн сийлахьчу гIуллакхна тешаме а болуш, тIеман заманахь кхелхина болу хьехархой!

Хьомсара хьехархой! Ондда могашалла, доьзалехь барт-ийман, балха тIехь кхиамаш хуьлда шун!

№75, эсаран (октябрь) беттан 4 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: