Сумбулатова Радимин йозанаш довзийтира

Мел долчух а яздина а девлла, мел долу хаза дош хезна а девлла аьлла хеттачу дийнахь керла цIе, аз хезий хазхетар хуьлу. Къона яздархо Сумбулатова Радима ю и хазахетар динарг.

СумбулатовгIеран фамили евзаш ю вайн республикехь, ткъа оцу доьзалера похIма, хьуьнар долу яздархо гучуялар а могIарера хилам бац.

Радимас оьрсийн маттахь яздо. Цуьнан дуьххьарлера «Неугасающий маяк» книга йовзийтар дIадаьхьира А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь. Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо, поэтесса Халикова Асет яра цхьаьнакхетар дIахьош.

Цигахь дакъалоцуш яра яздархо Айдамирова Машар а, журналист Эльдерханова Зайнап а, къона яздархо Тапалаева Амнат а, Сумбулатова Радимица цхьаьна доьшуш болу студенташ, накъостий, библиотекин жигара ешархой.

Айдамирова Машара билгалдаьккхира: «Радимас дийцарш яздина, уьш довзийта, книга зорбане яьккхина доккха совгIат дина вайна. Ас ешна цуьнан книга. ЧIогIа тайна бу цуьнан мотт, хатI. Дешархо куьг лаьцна дIавуьгу цо шен башхачу ойланашка. Дийцарш монолог кепехь ду. Массеран а нислуш ца хуьлу монологан кепехь дика яздар. Амма Радимин оцу тIехь аьтто хилла аьлла хета суна. Дийцарш доца, амма кхузаманан дахарх, лазамех, сатийсамех ду. Афоризмаш санна говза аларш ду хIора дийцарна юкъахь. Къоначеран сатийсамаш, хьежамаш бу дийцаршкахь гуш. И санна говзарш оьшуш яра вайн литературехь. Радима жима ю, 20 шо бен дац цуьнан, амма кхин а 10–15 шо даьлча, хIокхо кхин а кIорггера чулацамаш болу керла книгаш язъяре сатесна ю со. Марша йогIийла хьо, Радима, литературин дуьнен чу!».

Книгех лаьцна шайна хетарг довзуьйтуш, вистхилира Минаев ТIавус, Ахматов Ахьмад, Хаяури Инга, Тапалаева Амнат, Музаев Анзор, Мусаева Асет, иштта дIа кхиберш.

Радимин дийцарш «Вайнах» журналехь зорбане девлла, зала чохь болчу кегийрхошна девзаш хиллера.

1999-чу шарахь дуьненчу яьлла Радима. Гуьмсерчу №5 йолчу школехь дешна. Шен 10 шо долуш дуьйна байташ а, дийцарш а яздан йолаелла иза.

Нохчийн пачхьалкхан университетан «Журналистика» отделенин 3-чу курсан студентка ю иза. «Неугасающий маяк» книги тIехь повесташ а, дийцарш а ду.

Цуьнан накъосташа йовзийтира цуьнан байташ.

Радимас дийцира «Неугасающий маяк» книги юкъадаханчу дийцарех а, уьш кхолладаларан бахьанех а лаьцна.

Ешархойн хаттаршна жоьпаш делира цо, цул сов, цхьадолчу дийцаршна юккъера кийсакаш а йийшира.

Цхьаьнакхетаре баьхкинчу нахана шен книгаш елира Радимас.

З.ХИЗИРОВА
№75, эсаран (октябрь) беттан 4 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: