Туркой-месхетинхой… Къаьхьа кхоллам болу халкъ. Схьабовлар хонкархойх делахь а, къинхетамза кхихкинчу буьрсачу тIамах бевдда гуьржийн махкарчу Месхета меттехь XII–XIII-чуй бIешерашкахь дIатарбелла, гIийла шайн сискал юуш, цхьанна а зуламе боцуш, хене буьйлуш бара уьш ХХ-гIа бIе шо юккъе даххалц.

1944-чу шарахь Кавказера дукхах долу бусалба халкъаш Сталинан хьадалчаша хийрачу махка дIадохуьйтуш, Месхетара туркой а бара царна юкъахь. Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а цхьаьна бен карийра царна. Амма доха карзахдаьллачу Советийн Iедало даржийначу питанаша кхин цкъа а ямарт тохар дира царна.
1989-чу шарахь Ферганахь къинхетамза цIий Iанийра зуламхоша. Кхин цкъа а Iер-бахаран меттиг хийца дийзира пекъарийн. Юха а шайн миска ларчанаш эцна, йоккхачу Россин массо а маьIIехула дIасабаьржира Месхетара туркой. КIезиг бацара Нохчийчоьно тIелаьцнарш а.
Миччахь хилча а, хьанал къахьоьгуш нах бу. Мало йоцуш, лаьттаца болчу къинхьегамца напгIа лохуш бу. Иштта, царна юкъахь, лаккхарчу дешаран кхерчаш чекхбаьхна, Iилмане кхийдаш адамаш ду.
Царах цхьаъ ву Новр-ГIаларчу (Наурская) школехь хьехархочун болх беш волу Биналиев Исабек. Оьзда, собаре, гIиллакхе стаг ву иза. Иштта кхиийна цо шен кIант, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Биналиев Руслан.
Самаркандехь медицинин колледж кхиамца чекхъяьккхина, цергийн лор хила кечлуш вара Руслан. Амма Iер-вахаран меттиг хийца дезаро ойланаш а хийцира.
Бераллехь дуьйна мукъамаш дукхабезаш волчу кIентан ойланаш сценех хьерчаш яра. Жимачохь дуьйна, сема лерса долуш вара иза, цкъа хезначу иллин мукъам сихха схьалоцуш а, и илли мичча хенахь юха ала а хууш.
2004-чу шарахь Нохчийчу кхачаро таро хилийтира сценех хьерча лаам кхочушбан.
2011-чу шеран аьхка Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонис дIакхайкхийна «Живой звук» цIе йолуш конкурс яра. Оцу конкурсехь дакъалецира хаза, зевне аз долчу жимачу стага. Кхиамца оцу конкурсах чекхвелира Руслан.
Хаза, товш куц-кеп, сирла амат, зевне аз долу иллиалархо Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармони балха дIаийцира солистан дарже.
Тахана вайн республикехь дика вевзаш иллиалархо ву иза. Ткъех сов илли ду цо дIаолуш. Царах дукхахдерш вайн махкахоша хазахетарца тIелаьцна а ду. Иллиалархочо нохчийн, оьрсийн, италахойн меттанашкахь олу иллеш. Цуьнан хIора илли ду ладогIархойн даг чу кхача ницкъкхочуш, хьовсархойн лерса хьостуш.
Кхоллараллин кхиарехь хаддаза шена тIехь болх беш ву артист. Мукъамийн исбаьхьачу дуьненах долу шен хаарш тIедузуш, 2018-чу шарахь цо чекхъяьккхина Нохчийн Республикин пачхьалкхан хьехархойн институтан музыканташ кхиош йолу факультет.
Белхан накъостий баккхийбе цунах. Нохчийчохь алссам доттагIий а, синпаргIато а карийна артист воккхавийна ца волу.
Иллиалархочун кхоллараллин кхиамех лара хьакъдолуш ду «Ахьмад-Хьаьжа», «Седа», «Соьлжа-ГIала», «Ши доттагI», «Романс», иштта кхидолу иллеш.
Таханлерчу дийнахь тоьллачу къоначу артисташна юкъахь цIе йоккхуш ву Р.Биналиев. Ша схьаваьллачу халкъан а, шен кхоллараллин а ирс карийначу Нохчийчоьнан а тешаме воI ву иза.
ГАЗИЕВА Аза
№75, эсаран (октябрь) беттан 4 де, 2019 шо