Сайтиев Бувайсар конкурсанташца цхьаьнакхийтира

Сайтиев Бувайсар – Олимпийски ловзарийн кхузза чемпион, нохчийн халкъан дозалла, нохчийн яхь йолу кIант ву. Дуьненахь а сий-ларам бо цуьнан. Спортсмен хилла ца Iаш, культурех, политикех, дешарх дог лозуш, бакъволу патриот ву иза.

Нохчийчохь дIахьош йолчу «Россин шеран хьехархо – 2019» конкурсан финалисташна, дагахь а доцуш, доккха хазахетар хилира товбецан (сентябрь) беттан 27-чу дийнахь. Цаьрца цхьаьнакхета веанера Сайтиев Бувайсар.

«Кхиаман истори» аьлла цхьаьнакхетар шена билгалйинчу хенал дикка деха, дукха лаьттира. Хьехархошна мехала дара цуьнца цхьаьнакхетар, цо олу дош. Дерриге а дуьне цецдоккхуш, толамаш баьхначу кIентан кхиамийн некъах, цуьнан дахарх лаьцна хаьа лаьара хьехархошна.

Бехк а бац. Сайтиев Бувайсар Олимпийски ловзарийн кхузза чемпион а, дуьненан ялхозза чемпион а, Европин ялхозза чемпион а, Россин спортан хьакъволу мастер а ву. ХIора толам, къовсам атта хилла а бац, хьацар, къинхьегам, дешар ду оцу толамашна тIехьа лаьтташ.

Цо шен къамелехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас республика а, халкъ а машаран, кхиаман новкъа доккхуш ша кхоийна цахилар, карарчу хенахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шен ден весет кхочушдеш схьавогIуш хилар.

Бувайсара чIагIдира: «Корматаллин спортехь хьовха, дахарехь а кхиаме кхочур вац дешна вацахь. Спорт а, дешар а вовшашца дозуш ду».

Шега дечу хаттаршна жоьпаш луш Бувайсара дийцира шен бераллин хенах а, къоналлин шерех а. Сайтиев Бувайсара Красноярскерчу хьехархойн университетехь дешна. ГIараваьллачу спортсмена «Шеран хьехархо» конкурсан финалисташка элира ша церан белхан накъост хета аьлла.

Хьехархошна дахарехь а, балха тIехь а диканиг хуьлийла лаар а хоуьйтуш, цо билгалдаьккхира: «Шена хууш долу диканиг, пайдехь дерг, хьекъалениг кхечаьрца декъа хаар хаза гIиллакх ду. Беркате хуьлда шуна хIокху сий долчу конкурсехь дакъалацар».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№75, эсаран (октябрь) беттан 4 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: