Соьлжа-ГIалин кхаьчна 201-ра шо юбилейн шо ларалуш дацахь а, иза чIогIа даздира вайн республикехь.

Ламаст а хилла схьадогIуш ма-хиллара, ГIалин денна лерина даздарш дIадолоран хьалхара дакъа Сийлаллин мемориалан комплексехь дIадаьхьира – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха зезагаш дахкарца.
Цул тIаьхьа официальни нах а, хьеший а Соьлжа-ГIалин юккъерчу майдана дIабахара.
Цигахь ша динчу къамелехь Кадыров Рамзанан билгалдаьккхира пачхьенехь, карарчу шарахь, 770 сов доьзална петарш а, хIусамаш а елла хилар, 40 км сов некъаш дехкина а, иттаннаш км хин биргIанаш хийцина а, юкъараллин 7 майда тойина а хилар, кхидолу мехала гIуллакхаш дина хилар.
Даздаран гурашкахь дIадаьхьира Соьлжа-ГIалина ЦӀечу Байракхан орден цӀаерзор
1924-чу шарахь елла йолу ЦӀечу Байракхан орденан билгало хир ю хӀинца дуьйна Соьлжа-ГӀалин байракха тӀехь.
Нохчийчохь боьдуш тӀом болчу муьрехь, цхьа а лар йоцуш, яйна йолу и орден 20 шарахь сов лехна.
Соьлжа-ГӀалин денна леринчу даздаршкахь, и орден Соьлжа-ГӀалина дӀаяларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс, Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу Россин Федерацин Президентан векала А.Матовниковс, Россин Федерацин Правительствон Къилбаседа Кавказан гӀуллакхашкахула волчу министра С.Чеботаревс, Ставрополан мехкан губернатора В.Владимировс, кхечара.
Шен хенахь Советийн Союзан лаккхара совгӀат хилла ду иза.
Билгалдаккха догӀу Нохчийчоьнан пачхьенал хьалха и орден Ленинградана бен елла цахилар.
Оццу дийнахь хилира Орцин-Мохк схьабеллар
Соьлжа-ГӀалин Октябрьски кӀоштарчу Орцин-Махкахь керла йина хӀусамаш елла 200 гергга доьзална.
ХӀинццалц 35-гӀа а, 56-гӀа а каппаш олуш хиллачу меттигашкара меттахӀитторан белхаш чекхбахарна лерина цӀен аса хадорехь, республикин Куьйгалхочуьнца Р.Кадыровца цхьаьна дакъалецира республикин хьалхарчу Вице-премьера Ӏ.Тумхаджиевс а, пачхьенан мэра И.Закриевс а, Россин Федерацин Правительствон Къилбаседа Кавказан гӀуллакхашкахула волчу министра С.Чеботаревс а.
Орцин-Махкахь дукха белхаш бина: некъаш силаман чкъураца шор а, шар а дина, 35 цӀа тодина.
Цул сов, керла дина кхин а 42 цӀа а, 23 коттедж а, берашна ловза майданаш а, иштта, хийцина инженерийн ерриге а сеташ а.
Цу тӀе, куьпахь хьажаран майда а йина – иза иттех метр лекха ю, гуонахара майда кечйина а йолуш.
Берриге а белхаш А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Регионан юкъараллин гӀоьналлин фондан чоьтах бина.
ГIалин денна лерина коьрта даздарш дерзош, Соьлжа хин бердашца йолчу амфитеатрехь концертан программа дIаяьхьира.
Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Москвара цIеяхханчу артисташа а, хелхарийн тобанаша а дакъалецира цигахь.
Амма коьртаниг цигахь кхин дара – совгIаташ. Ерригроссин «Россин шеран хьехархо – 2018» конкурсан толамхо а, «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» а волчу Динаев Iалиханна Нохчийн Республикин коьрта совгIат делира – Кадыровн орден.
Ткъа Кадыров Рамзанна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Хучиев Муслиман Указаца нийса а догIуш – «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидал.
Цул сов, Россин Федерацин федеральни гуламан Федерацин Советан лаккхара совгIат – «Парламентаризм кхиорна» аьлла йолу билгало – а елира Кадыров Рамзанна.
И.ИСЛАМОВ
№76, эсаран (октябрь) беттан 8 де, 2019 шо