Нохчийчохь 15 сов тайпана ю хьаьрмакаш. Уьш 2–3 метр лекха хуьлу. Царна зазадоккху хIутосург (май) – асаран (июнь) беттанашкахь.

Стоьмаш ал-цIен хуьлу. Ношло товбецан (сентябрь) – эсаран (октябрь) беттанашкахь.
Медицинехь пайдаоьцу хьаьрмакан стоьмех, ма-дарра аьлча, оцу стоьмех олу-кх вай хьаьрмак.
Коьртачу декъана хьаьрмаках пайдаоьцу авитаминозашна дарбалелош а, профилактика еш а, аскорбинови кислоташ дегIаца тоьаш боцучарна дарбанаш лелош а.
Атеросклероз, нефрит цамгарш, доIахан, гемморагически диатез, гемофили цамгарш йолчарна а магадо лоьраша хьаьрмакца дарбанаш дар.
Хьалха дуьйна а, вайн дайша хьаьрмакца дарбанаш лелийна пневмони, бронхопневмони, бронхоэктаз, бронхиальни астма, холецистит, гепатит йолчарна.
Цуьнца цхьаьна нохчаша дарбанан Iалашонашкахь пайдаэцна хьаьрмакан генех, кевстигех, орамех. Цара олуш хилла: «ГIодаюкъал лакхахьа долу дерриге а лазарш хьаьрмакца дIадаха деза», гIодаюкъал лахара лазарш орамашца дIадаха деза». Масала, стеган когаш лозуш хилча, когаш тIехь латталуш ца хилча, хьаьрмакан орамех кечдина молха молуьйтуш хилла.
Нагахь санна кийрахь лазарш хилча, оцу ораматан генех молха кечдеш хилла. Генаш, шайн кIохцалшца а, гIашца а цхьаьна, Iаьнна дIадохкуш хилла. Уьш кхехкийна мутт малош хилла зорха лозуш хилча.
СадеIар вон хилча (бронхиальни астма) хьаьрмаках даьккхина мутт молуьйтуш хилла.
Изза мутт молуьйтуш хилла шелонан цамгарш йолчаьрга.
Вуьшта, Iаьнан хенахь, цхьа а хIума лозуш яцахь а, чайнан метта хьаьрмаках даьккхина мутт малар дегIана пайдехь ду.
З.МАДАЕВА
№76, эсаран (октябрь) беттан 8 де, 2019 шо