Къоначу хьажархочун театрехь – хьеший

Самукъане дара кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан «Къоначу хьажархочун театрехь». Кировера баьхкина хьеший бара вайн берашна исбаьхьа спектаклаш гойтуш. А.Афанасьевн цIарах йолу Кировера «Тайнигийн театр» яра Нохчийчу хьошалгIа еана.

Кхо спектакль еанера хьешаша Нохчийн Республикерчу къоначу хьовсархошна гайта. Уьш яра В.Лифшицан говзара тIехь, Россин Федерацин хьакъволчу артиста, режиссера Евдокимов Юрийс хIоттийна «Ищи ветра в поле» спектакль, туьйранан автор а, спектакль хIотторан режиссер а А.Лысова йолу «Терем-Теремок», гIараваьллачу оьрсийн яздархочун М.Салтыков-Щедринан говзара тIехь режиссера Осколков Ярослава хIоттийна «Как один мужик двух генералов прокормил» спектакль а.

Кировера еанчу театран гастролаш кхаа дийнахь хилира Соьлжа-ГIалахь, товбецан (сентябрь) беттан 23–25-чуй деношкахь.

Вайн республикерчу къоначу хьовсархоша хазахетарца тIелецира спектаклаш. Берийн чIогIа самукъадаьллера. ХIора спектакль чекх моссазза йолу, бераша дехха тIараш деттара, актерийн ловзар шаьш къобалдиний а, шайна тайний а хоуьйтуш.

Берашна схьаэца дуккха а пайдехь дерг дара оцу спектаклашкахь. Цара гайтира цу тайпа доттагIаллин зIенаш вайн театрашна юкъахь оьшуш хилар.

Теша лаьа, иштта, кхоллараллин зIенаш ца хедаш, даима а вайн театрашна юкъахь юьсург хиларх.

А.АРАПХАНОВА
№76, эсаран (октябрь) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: