Нохчийн мухIажарех лаьцна яздина

Нохчийн Республикин Iилманийн академин Гуманитарин талламан институтан Этнологин отделан заведующис, историн Iилманийн доктора, профессора Гарсаев Лечас а, малхбалеталлархочо Гарсаев Хож-Ахьмада а язйинчу «Нохчийн мухIажарш а, церан тIаьхье а Иорданин исторехь а, культурехь а» книга йовзийтар дIадаьхьира.

И гIуллакх дIадаьхьира Нохчийн Республикин Iилманийн академин актови зала чохь. Цигахь дакъалоцуш бара бевзаш болу нохчийн Iилманчаш-историкаш, лингвисташ, этнографаш, философаш, журналисташ, студенташ.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца язйина «Нохчийн мухIажарш а, церан тIаьхье а Иорданин исторехь а, культурехь а» книга.

И язъяран коьрта Iалашо яра, 1901-чу шарахь, бусалба махка (Хонкара) хIижрат дан нийят дина, цхьаболу нохчий, гIаш, Даймахкара дIабарх а, цара оцу новкъахь а, дIакхаьчча а лайначух, иштта, Хонкарахь а, Иорданехь а, Iаьрбийн кхечу мехкашкахь а болчу нохчех а, церан тIаьхьенах а лаьцна яздар.

Хууш махиллара, Иорданехь дукха бу нохчий. Бакъонца а, тешамца а гIуллакх деш, майралла, доьналла, сийлалла гойтуш беха нохчий Иорданехь. Шайх масал эца хьакъболу турпалхой дуккха а бу цигахь бехачу нохчашна юкъахь. Иза дерриге тидаме а оцуш, церан дахар довзуьйтуш, вовшахтоьхна ю ГарсаевгIара язйина книга.

– Иорданин тайп-тайпанчу шахьаршкахь а, ярташкахь а хилла со, цигарчу нохчийн векалшца цхьаьнакхетарш а дIадаьхьна. Церан архивашкахь белхаш бина. Ткъа Хож-Ахьмад хIинца а къохьоьгуш ву, кхин а материалаш, хааза дисинарг лохуш, архиваш толлуш. ХIара, тахана вай кхузахь йовзуьйтуш ерг нохчийн мухIажарех лаьцна хьалхара книга ю, амма тIаьххьарлерниг яц. Книгин кхин а дакъош зорбане даха ойла йолуш ду тхо, – элира Гарсаев Лечас.

Вайн махкахошна а, Иорданехь бехачу нохчашна а доккха совгIат ду и книга.

Бистхиллачара баркалла элира и беркате гIуллакх дIадаьхьначарна, иштта, билгалдаьккхира нохчийн истори оцу книгица тIеюьзна хилар.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№76, эсаран (октябрь) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: