2019-чу шарахь Нохчийн Республикехь кхаа сменехь дешар долчу дешаран заведенийн барам 12 школана лакхабаьлла, ткъа кхоалгIачу сменехь доьшучеран барам 4 эзар берана тIекхетта, хIинца 15 200 бер ду оцу сменехь доьшуш.

Цунах лаьцна дийцира, Нохчийн Республикин Правительствехь хIокху деношкахь дIаяьхьначу кхеташонехь, Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала.
Кхеташонехь дийцаре дира, «Дешар» цIе йолу Къоман проект кхочушъяран гурашкахь, Нохчийн Республикин школашкахь кхаа сменехь дешар дIадаккхарехьа дан дезарш.
Хучиев Муслима дийцарехь, карарчу хенахь, кхаа сменехь дешар дIадаккхар республикин дешаран декъехь уггаре а коьртачу декхарех цхьаъ ду.
Цул сов, «Дешар» Къоман проектан гурашкахь, 2019– 2021-чуй шерашкахь республикехь еш а, йийр йолуш а ю 14 812 меттигана лерина йолу юкъарадешаран 25 школа. Цо таро хуьлуьйтур ю 21 школехь кхаа сменехь дешар дIадаккха. И болх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен къаьсттинчу тергонехь латтабо.
– Ас тIедиллина дийцаре дина долу гIуллакх лерринчу тидамехь латтор а, иза кхочушдарехьа эвсаре болх бар а, Россин Федерацин Серлонан министерствоца зIенаш чIагIъяр а, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела.
I.АДЛАНОВ
№76, эсаран (октябрь) беттан 8 де, 2019 шо