«Турпалхойн мохк»: Нохчийн Республикин керла кхайкхам бовзийтира

Россин субъекташкара а, кхиболчу мехкашкара а туристаш хIинццалц Нохчийчу «Марша догIийла шу Нохчийн Республике!» бохуш кхайкхинехь а, хIинца дуьйна «Марша догIийла шу Турпалхойн махка!» олуш кхойкхур бу.

ХIокху деношкахь СоьлжаГIалахь бовзийтира Нохчийн Республикин керла кхайкхам – The land of heroes (Турпалхойн мохк) – а, туризман а, хаамийн а «Visit Chechnya» туьшана йина ребрединг а. Цунна лерина пресс-конференци дIаяьхьира «Грозный Сити» хьешацIийнехь.

Пресс-конференцехь «Visit Chechnya» туьшан фирмин керла куц-кеп а, билгало а йовзийтира брендинган «Pro.Name» агентствон куьйгалхочо, доцента, культурологин Ӏилманийн кандидата Запесоцкий Юрийс.

Цо билгалдаккхарехь, «Pro.Name» агентствон 10 стага, 6 баттахь сов, къахьегна Нохчийчоьнан туризман керла бренд кхаа хIуманца ю: охьайирзина йолуш – исламан а, малхбален а архитектурица (момсар, горга тхевнаш, и.дI. кх.а), пурх йирзина йолуш – Ислам-динца, бусалбаллица, охьайирзина йолуш – мажца (я майраллица).

Цул сов, ребрединг яран бахьанех а, Ӏалашонех а лаьцна Нохчийн Республикин туризман гӀуллакхашкахула волчу министра Байтазиев Муслима а дийцира.

– Республикин туризман коьртачу туьшана ребрединг ян йогIуш йолу дукха хан яра. Тхуна массарна а хетарехь, хIинца Нохчийчоьнна кхоьллина туризман керла бренд билггал Нохчийчоьнца йоьзна а, кхета атта а, гуш хаза а ю. ХIокху брендаца евзар ю дуьненна а туризман Нохчийчоь а, республикехь туризмана кхоьллина хьелаш а, – дийцира цо.

Иштта, «Pro.Name» агентствон куьйгалхочунна Запесоцкий Юрийна хетарехь, туризман керла бренд дуьненна дIайовзийта оьшург, мел лахара а, 5 шо делахь а, «Visit Chechnya» туьшана йина ребрединг кхин а сиха евзар ю, хIунда аьлча, иза, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, атта а, кхеташ а ю.

Байтазиев Муслимана хетарехь, Нохчийчоьнан туризман керла бренд, туристашна йовзийтале, меттигерчу бахархошна йовзийта езаш ю.

Оцу декъехь жигара болх дIабахьа дагахь ю Туризман гIуллакхашкахула йолу министерство.

И.АДАМОВ
№76, эсаран (октябрь) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: