ХIокху деношкахь, Иорданин паччахьа IабдаллахI ШолгIачо кхайкхарца доьзна а, белхан гIуллакхца а Иорданехь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Иштта, Нохчийн Республикерчу делегацина юкъахь вара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Iаьрбийн а, бусалбанийн а пачхьалкхашкахь векал волу Даудов Турко, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам. Цунах лаьцна Р.Кадыровс хаам бина ВКонтактерчу шен агIонехь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, Иорданин паччахьа, дика хьошалла а деш, тIеийцира иза.
«Тхо доттагIаллин хьолехь дистхилира. Ас баркалла элира суо кхайкхарна. XIX-чу бIешарахь, мухIажарш хилла, кхуза баьхкинчу иттанаш эзарнаш нохчашна Даймохк хилла дIахIоьттина йолу Иордани пачхьалкх, иштта, тхан Даймохк а бу. Оцу нохчийн мухIажарийн тIаьхьенех болу нах тахана иорданхойн юкъараллехь сий-ларам а болуш, пачхьалкхан а, политикин а, тIеман а лаккхарчу даржашкахь а болуш, дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь къа а хьоьгуш, бехаш бу», – яздина Р.Кадыровс.
Иштта, цо билгалдаьккхина Иорданина а, Россина а юккъехь, хьалха дуьйна, иттанаш шерашкахь кхоллаелла дика юкъаметтигаш хилар а, Сочи гIалахь IабдаллахI ШолгIачуьнца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Россин Президента Путин Владимира Иордани Россин мехала накъост хилар билгалдаьккхина хилар а.
Иштта, Кадыров Рамзана хьахадо, ша Иорданин Хьашимийн Паччахьаллин Паччахьан IабдаллахI ШолгIачун коьртачу хьехамчица, эмираца Хьашим бин Аль-Хьусайнаца цхьаьнакхетта хилар а.
Иорданера ша республике юхаверзале, IабдаллахI ШолгIачо хьахорца, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилира Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарца доьзна долчу сийлахьчу диттана уллехь.
Ша жима волуш, оцу дитта бухахь садоIуш хилла Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен девешица Абу-ТIалибца цхьаьна.
Болуш болчу хаамашца, оцу беркатечу диттан 1 500 шо сов хан ю, хIинца а оцу гIамарийн арахь некъахошна IиндагI а латтадо цо.
Иштта, Нохчийн Республикин делегацица цхьаьна вайн республикин Бусалбанийн динан урхаллин председатела Межиев Салахь-Хьаьжас дакъалецира Иорданехь дIаяьхьначу исламан конференцехь.
Билгалдаккха деза и конференци Иорданин паччахьан IабдаллахI ШолгIачун гIо-накъосталлица дIаяьхьна хилар.
Цигахь, Иорданин паччахьан дIадолорца, Межиев Салахь-Хьаьжа даиманна а юкъавахийтира Элчанан (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) тIаьхьенийн Иорданин Паччахьан академина. Оцу академина юкъавогIу дуьненахь уггаре а гIараваьлла динан 100 гIуллакххо. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхаллин пресс-службо.
Элчанан (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) тIаьхьенийн Иорданин Паччахьан академина юкъавахарца доьзна, Нохчийчоьнан муфти декъалвина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Ислам дин Iаморан нохчийн школа дерриге а дуьненахь евзаш а, къобалйина а ю. Цо (школо) кхиийна дуьненаюкъарчу тIегIанан бусалба динан гIуллакххой. Царна юкъахь шатайпа меттиг дIалоцуш ву лараме вайн ваша, Нохчийн Республикин муфти, шайх Межиев Салахь-Хьаьжа. Дика кхаъ бу шайх Салахь-Хьаьжа Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьенийн Паччахьан академина юкъавахийтина хилар», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ВКонтактерчу шен агIонехь.
I.МУРТАЗОВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо