Дийцаре дира 2016-чу шарахь хиллачу бохамийн тIаьхьенаш дIаяхаран гIуллакхаш

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствон председатела Хучиев Муслима рогIера кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира 2016-чу шарахь республикехь хиллачу бохамийн тIаьхьенаш дIаяхаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Дагадоуьйту, 2016-чу шеран асаран (июнь) баттахь, Нохчийн Республикина, Iаламан бохамаш хилар бахьанехь, 1, 876 миллиард соьмана зенаш динера. Iаламан хиламех зен хиллера 17 эзар сов стагана.

Дохийнера цIенош а, тIайш а, некъаш а, экономикин а, социальни декъан а кхийолу объекташ а. Iаламан бохамийн кхерам: чехка мох а, хиш тIедовлар а, токхамаш а дIабовллалц, республикин Правительствон сацамца, халачу хьелийн раж дIакхайкхийнера республикин 11 кIоштахь: Шуьйтан, Шаройн, Шелан, Итон-Кхаьллан, Веданан, Курчалойн, Соьлжан, ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Нажи-Юьртан, Грозненски.

Оцу кIоштийн куьйгалхошна тIедиллинера меттахIитторан белхаш дIабахьар а, бахархошна хиллачу зенийн барам билгалбаккхар а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Iаламан бохамийн тIаьхьенаш йоццачу хенахь дIа а ехира, цIенош дохийначарна керла цIенош а дира.

Иштта, кхеташонехь Хучиев Муслима ладуьйгIира, халачу хьелийн тIаьхьалонаш дIаяхарна лерина бюджетера ахча билгалдаккхаран гIуллакхан хьокъехь долу, Россин Федерацин Президентан 2019-чу шеран мангалан (август) беттан 30-чу дийнахьлера № Пр – 1751 йолу тIедиллар кхочушдаран хьокъехь болчу хааме.

Нохчийн Республикин Правительствон председатела кхеташо ерзош тIедиллира халачу хьелийн тIаьхьенаш дIаяхарна Россин Федерацин Правительствон тIаьхьалонан фондера ахча оьшуш хиларна делилаш далорна тидам тIебахийтар а, ткъа иштта федеральни органаша билгалдаьхна кхачамбацарш дIадахар а.

I.ТЕРЛОЕВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: