Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада тӀеийцира луларчу ГӀалгӀайчуьра юкъараллин гӀуллакххо Зурабов Мусса.

Шен къамелехь спикера билгалдаьккхира Мусса ГӀалгӀайчохь вевзаш а, лоруш а юкъараллин гӀуллакххо а, историк а хилар.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира питанхоша дижа дуьтуш доцу дозанца доьзна гӀуллакх а, иштта, дуьйцург иза а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх делахь а, лулахошна юкъара барт бохон я питана дан кхераме долу къамелаш дан догӀуш цахилар а.
И.АДАМОВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо