Сценин хьомсара хьаша

ПохIмечу эшаршлакхархочун Газиева Хедин цIе дика евзаш ю вайн республикехь а, генна дозанал арахьа а. Цуьнан исбаьхьа аз, товш долу куц-кеп а, эсала амал а тайна вайн махкахошна.

Бераллехь дуьйна нохчийн халкъан мукъамаш дукхабезаш, леррина цаьрга ладугIуш яра Хеда. Къаьсттина самукъадолура цуьнан шен нанас узам болийча. Хаза аз долуш, йиш лакха хууш ю Хедин нана. Цуьнгара Iемина хила там бу йоIана эшарш лакха.

Теркайистера ю иза. Вайн халкъан дозалла хилла дIахIиттина алссам къонахий бевллачу, цIарна цIеяхханчу Лаха-Неврера ю иза.

Цо дозаллица йоху шен юьртахойн: Авторханов Iабдурахьманан, Джамалханов Зайндин, Висаитов Мовладан, Мамакаев Iаьрбин, Мамакаев Эдуардан, иштта дуккха кхечеран а цIераш.

Дукхаеза Хедина Мамакаев Iаьрбин кхолларалла. Цуьнан кхолларалло Даймохк беза, халонашна къар ца яла Iамийна йоI.

Бераллехь дуьйна, эшарш дукхаезаш хиллехь а, цунна дагахь дацара ша йоккхачу сцени тIе кхочур ю бохург.

Делахь а, шен 2008-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан театран-концертийн зале балха кхайкхича, схьакховдийначу даржехь болх бан реза хилира. Цигахь болх беш чекхъяьккхира Нохчийн Республикин пачхьалкхан хьехархойн институтан музыкин факультет.

2012-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармони балха хIоьттира Хеда, эшаршлакхархочун-солисткин дарже.

Республикин даздаршкахь наггахь концерт а ца хуьлу цо дакъа ца лоцуш. Алссам эшарш ю цуьнан репертуарехь. Къаьсттина ладогIархошна дукхаезачарах ю «Даймохк», «ГIалара кIант», «ДIалур вац», «Безаман гIан», «Хьан амат», иштта дуккха а кхийолу эшарш.

2015-чу шеран чиллин (февраль) беттан 14-чу дийнахь Газиева Хедина «Нохчийн Республикин хьакъйолу артист» сийлахь цIе елла.

Цо локхуш йолу муьлхха йиш а, артисткин зевне аз бахьанехь, ладогIархойн даг чу кхача, еххачу ханна иэсехь йиса ницкъкхочуш ю.

Кхоллараллин кхиарехь хаддаза шена тIехь болх беш ю Х.Газиева. Цундела ю иза дуккха а шерашкахь вайн махкахойн дегнашкахь хьомсара хьаша хилла ехаш.

2016-чу шеран мангалан (июль) беттан 27-чу дийнахь дуьйна «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлахь цIе лелош ю иза.

Нохчийн къоман музыкин культурехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан кхолларалла.

А.АРАПХАНОВА
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: