Республикин кIоштийн дахар

Соьлжа-ГӀалин дуьненаюкъара университет

2015-чу шеран хIутосург (май) беттан чаккхенехь Соьлжа-ГIалахь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу «ЕМААР» компанин президентаца Мухьаммад Аль-Аббарица Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь хиллачу бартаца нийса а догIуш, карарчу хенахь вайн республикин пачхьенехь еш ю Дуьненаюкъара университет.

Дуьненаюкъара маьIна долу и учреждени Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де билгалдоккхуш ян йолийра оццу шарахь университетан гIишлонна бухе даздаран хьолехь «капсула» йиллира цу шеран хIутосург (август) беттан 23-чу дийнахь.

И университет Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн халкъера нохчийн халкъана а, ерриге Россина а совгIат хир ду аьлла дара Мухьаммад Аль-Аббарис.

5 000 студентана лерина йолу университетан гIишло яран белхаш кеста дӀабоьрзур бу. Цигахь болх бечу гӀишлошъяран говзанчаша билгалдаккхарехь, университет яран белхаш, карарчу хенахь, 99%-на дӀабирзина лара мегар ду.

Университетехь болх бан дуьненахь а тоьлла болу хьехархой кхойкхур бу. ГIишлойн проектана юкъайогIу 8 корпус, цу юкъахь ю дешаран 3 корпус, 2 юкъараIойла, спорткомплекс, йоккха библиотека, иштта дI.кх.а.

Йина яьлча, университетехь болх беш ингалсан мотт Ӏаморан туш а, 4 факультет а хир ю: архитектурин; совдегараллин а, менеджментан а; инженерин; хаамийн технологийн.

Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цӀарах Исламан туш

Шайхан Дауд-Хьаьжин цIарах йолу туш Соьлжа-ГӀаларчу Мичуринан поселкехь еш ю. Россехь а яккхийчу Ӏилманан-серлонан учрежденех цхьаъ хир йолуш ю иза.

Комплекс иттаннаш эзарнашкахь нахана леринчу маьждигах а, дешаран а, белхан а чоьнех а, Ислам-динца а, хьадисашца а йоьзначу библиотекех а лаьтташ хир ю.

Цигахь Ӏамор бу Герггарчу Малхбалерчу а, Юккъерчу Азерчу а цӀеяхханчу Ӏилманчийн а, имамийн а, иштта, Нохчийчуьрчу устазийн а, шайхийн а белхаш.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу Юкъараллин гӀоьналлин фондан чоьтах еш ю керла Исламан туш.

ТӀехьа-МартантӀехь еш йолу керла автостанци

Карарчу шеран чаккхенехь схьайоьллур ю ТIехьа-МартантIехь еш йолу автостанци. Пассажирашна мел оьшуш долу хьелаш хир ду цу чохь кхоьллина.

Цул сов, денна а кхуьуш йогӀучу ТӀехьа-Мартан хазачу гӀишлойн могӀарехь а хир ю иза.

Автостанци яран майданахь, инспекци а еш, хилира Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министран заместитель Р.Атаев.

Цо билгалдаьккхира керла автостанци 2019-чу шеран чаккхенехь схьаелла кийча хирг хилар.

Устрада-ГIалахь деш долу петарийн цIенош

Дукха хан йоцуш Устрада-ГӀалахь дан долийна 100 доьзална лерина долу дукхапетарийн 3 цӀа.

ГӀишлошъяран «МегаСтройИнвест» компанис деш долчу оцу 3 цӀенна гуонахара майданаш а, уьйтӀеш а тойийр ю.

Цул сов, машенаш дӀахӀиттайойла йийриг хилар а билгалдаьлла.

Кхуьй а цӀа дина дер долуш ду 2020-чу шеран хьалхарчу чийрикан чаккхенехь.

Хаамаш кечбинарг – А.ИТАЕВА
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: