Нохчийн Республикин Яздархойн союзан пленум хилира масех де хьалха. Иза дIаяьхьира Яздархойн союзан правленин Председатела Ибрагимов Кантас.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Яздархойн союзан правленин председателан хьалхара заместитель Шамсудинов Бувайсар, Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов Iимран, ткъа иштта, халкъан яздархой Мамакаев Эду, Яричев Iумар, Сейлмуханов Муса, цхьамогIа кхиберш.
Пленуман юьххьехь К.Ибрагимовс дийцира Нохчийчоьнан яздархошна хьалха лаьттачу мехалчу декхарех, уьш кхочушдарехь деш долчу гIуллакхех лаьцна.
Цо чIагIдина ма-хиллара, вайн яздархоша жигара болх бо мехкан кхечу регионийн, дозанал арахьарчу пачхьалкхийн кхоллараллин организацешца йолу зIенаш чIагIъярехь.
Иштта, цо тидам тIебахийтира Россин Яздархойн союзо шен декъашхошна керла билеташ далар а, организацийн жигара декъашхой билгалбахар а дIадолийна хиларна.
Нохчийчохь болчу яздархошна керла билеташ даларна кечамбаран а, церан тептарш вовшахтохаран а декъехь бинчу а, беш болчу а балхах лаьцна дийцира Б.Шамсудиновс. И болх герггарчу хенахь чекхбериг хилар а хаийтира цо.
Дукха хан йоццуш Гуьржийчохь цхьаьнакхийтира Кавказерчу мехкийн а, республикийн а яздархой. Цигахь дакъалоцуш хилира Нохчийчуьра поэташ А.Ахматукаев а, Р.Юсупов а.
Цхьаьнакхетарехь бинчу беркатечу балхах лаьцна чулацаме къамел дира Ахматукаев Адама.
Цо дийцарехь, цу тайпана цхьаьнакхетарш хIора шарахь дIахьур долуш ду, тайп-тайпанчу къаьмнийн литература кхиорна а, уьйр-марзонаш чIагIъярна а мехала хазна юкъа а юьллур ю.
Иштта, Яздархойн союзо книгаш арахецаран декъехь хIокху шарахь бинчу балхах лаьцна хаам бира I.Ирисхановс.
Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, хIокху шарахь тайп-тайпанчу авторийн иттех книга арахецна, царна юкъахь ю къоначу яздархойн а, поэтийн а гулар.
Пленумехь дийцаре динчу гIуллакхийн жамI динчул тIаьхьа, К.Ибрагимовс дийхира вайн яздархойн куьйгайозанаш Iалашдан Яздархойн союзан архиве дIадалар.
Цу тIехь шегара масал а гойтуш, шен куьйгайозанаш хIинцале архиве дIаделла цо.
С.ХАСАНОВ
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо