Эсаран (октябрь) беттан 7–11-чуй деношкахь Россин Федерацин культурин министерствон а, Гастролаш ярехь гIолацаран федеральни туьшан а гIоьнца Къоначу хьажархочун театрехь «Самарера тайнигийн театран» гастролаш хилира.

«Берашна а, кегийрхошна а лерина яккхий гастролаш – 2019» программин гурашкахь Самарерчу театран кхоллараллин коллективо Соьлжа-ГIалахь кхо спектакль гайтина «Little mouse я эла хила лууш болчу аренан дехках лаьцна туьйра» – автор а, режиссер а С.Дорожко, «Жима енот» – автор а, режиссер а Л.Муура, «Маша а, Ча а», автор – В.Швемберг, режиссер – В.Гусаров.
7–9-чуй деношкахь Самарера баьхкинчу актераша хазахетар дира Соьлжа-ГIаларчу, Устрада-ГIаларчу, Шеларчу, Шуьйтарчу, Баса-ГIаларчу, Чурт-ТогIерчу школашкарчу берашна. Актераша къоначу хьовсархошна ши спектакль гайтира – «Маша а, Ча а», «Жима енот».
«Жима енот» – иза спектакль-ловзар ду. Къона хьовсархой туьйранан коьртачу турпалхошца цхьаьна юкъаозийна хуьлу сцене тIехь долчунна. Коьртачу турпалхочуьнца майрачу енотаца (иза шен дуьххьарлера вина де даздеш ву) цхьаьна, уьш Iома тIе боьлху искогбергаш лаца. Новкъахь царна евза Дикобраз, Скунс, Маймал. Чаккхенехь уггаре а майрачу хьовсархойн аьтто хуьлу «Iома чохь йолчуьнца» цхьаьнакхета.
Массарна а девза оьрсийн халкъан туьйра «Маша а, Ча а». Хьуьнхахь тилаелла Маша Ча Iаш йолчу цIенна тIекхочу. Чен цIа цIан а дой, юург а йой Iаш хуьлу иза. Ченна ца лаьа цу тайппана гIуллакх деш йолу йоI дIаяхийта, Цундела Машас хIилла до цIа яхархьама.
Спектакло бераш майра а, эсала а, кхетаме а хила Iамадо.
10-чу дийнахь Къоначу хьажархочун театрехь «Самарера тайнигийн театро» гайтира «Little mouse я эла хила лууш болчу аренан дехках лаьцна туьйра» спектакль. Автор а, режиссер а С.Дорожко, суртдиллархо-хIотторхо (художник-постановщик) О.Устюгова, композитор – Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо Т.Алешина.
Ингалсан туьйранна тIехь хIоттийна ю спектакль, цуьнан чулацамо дагайоуьйту С.Маршакан «Хьекъал доцчу дехкан хьокъехь туьйра» байт.
Спектаклан турпалхо аренан хьекъал доцу, дагахь хIума доцу дахка Мисс Мауз бу сийдолчу стаге баха ойла хилла. Мисс Маузана тIаьхьаевлла ю ша-шен хестадо Мистер Кэт (цициг), оьзда Мистер Донки (вир), летчик Мистер Кок (боргIал).
Хаза аз долчу Мистер Кэта корта хьовзабо дехкан, цхьа мIаьрго яьллехь иза цуьнан кхача хир бара. Амма цунна гIо дан йогIу тийна а, тешаме а доттагI-фермер Мистер Мол (боьлкъазар), Мисс Мауза цкъа а тергал йина йоцу.
Туьйранан чаккхе дика хуьлу – турпалхо кIелхьарайоккху, Мистер Кэтана таIзар до. ТIаьххьара ловзар хIоттадо.
Шайна юххехь болчеран хама бе, уьш лара бохург ду туьйранехь гойтуш дерг.
Л.ДАУТОВА
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо