Iамбар (имбирь)

Iамбар Нохчийчохь кхиош яцахь а, эца, лаха хала дац. Цул сов, цIахь кхио йиш йолуш а ю. Iамбар бIаьстенан юьххьехь дIае езаш ю.

Иза дIаюьн латта жимма гIамарца иэдина хила деза. Дукха хи а ца оьшу цунна. ТIехьаьжча Iамбар диттийн орамех тарло. Амма хIинца а къастийна дац иза стом бу я хасстом бу. Делахь а, билггал хууш ду цо могашаллина бечу пайданах лаьцна.

Йовхарш йолчунна, легаш лозуш волчунна дика ю и. Къаьсттина Iамбарах пайдаоьцу, шело хьакхаялале, цамгарех ларвала йолчу Iалашонца иза лелийча. Дукха хьолахь, чайна чу тосу иза. Иштта, сурхаш я IаьржбIаьрг яьллачунна дарбане ю.

Цул сов, юучух тухуш лелийча, гIайгIане волчун сапаргIат а доккху цо, ткъа кIадвеллачун гIора меттахIоттадо. Азвала лууш волчунна а ю дика. Дукха лелийча а, сов ер цоцуш ю Iамбар баккхийчу нахана, хIунда аьлча, иза, дагана а дика ю, цIийца йолу холестерин охьайоккхуш а ю.

Воккха мел хуьлу а, цхьаверг хIума дицлуш хуьлу. Цунна а дика ю Iамбар. Амма, массо а хIуманца санна, дика а, вон а агIонаш ю цуьнца.

Жаннаш чохь, доIахца тIулгаш долчунна дика яц иза.

Даккхийчу дакъошца хеда а йой, кхихкина хи тIе а дуттий, тIе хIума а тухий, цунах басар даллац йита еза, цул тIаьхьа, чай санна, молуш лелайо иза. Цуьнан чай мела хилча дика ду. Чам беш, яахIуманах тоха а мега иза.

Варени ян а мега Iамбарх. Иза иштта кечйо: цкъа 200–250 грамм Iамбар дикка цIан а йой, кегийра хедайо, цул тIаьхьа шийла хи а дуттий, дийнахь шозза-кхузза хи хийца а хуьйцуш, шина денна хи чохь юьту; кхин цкъа хи а кхорзий, цхьана сахьтехь кхехкайо иза; хир йолу варени шелйолуьйту, диъ стака шекар, ах стака лимонан мутт тIе а тухий, жимма туьха тосу; цул тIаьхьа, масех минотана кхин а цкъа цIер тIе буьллу яй (оцу хенахь варени дикка кего еза).

Варени мел еза хьаьжжина юкъатухург а лело еза. Шена лаахь, варени кхечу кепара кечъян а мега.

ШУАИПОВА Ама
№78, эсаран (октябрь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: