Дарбанхи юьртара психиатрин больница тойина

ХIокху деношкахь Гуьмсан кIоштарчу Дарбанхи юьртара, ремонт йинчул тIаьхьа, даздаран хьолехь, схьайиллира республикин психиатрин больницин администрацин корпус а, диагностикин отделени а, синIаткъаман цамгарш ерш дийнахь-бусий чохь Iийр болу божарийн отделени а.

Больница схьайоьллучохь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Хучиев Муслим, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, кхиберш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, синIаткъаман цамгарш йолчу нахана къаьсттина тидам оьшуш хилар, хIунда аьлча, уьш шайн хьашташка хьовсалуш бац.

Больницин белхахошка республикин Куьйгалхочо дийхира лазархошка дика хьовсар а, царах кхеташ хилар а.

– Психиатрин больницина ремонт яр – иза боккха а, чIогIа маьIне а болх бу. Дуьххьара со кхуза веача, вайна гира больница муьлхачу хьолехь ю. Тахана вайна гуш ду кхузахь лазархошна Iан а, царна дарба дан а дерриге а хьелаш кхоьллина хилар. Иштта, суна билгалдаккха лаьа республикин кIошташкахь еш а, тоеш а больницаш хилар а, царна лерина оьцуш керла кхузаманан гIирсаш хилар а. И дерриге а вайн бахархойн дуьхьа деш ду, уьш могаш хилийта, церан дарба дан республикел арахьа эха ца дезийта, – элира республикин Куьйгалхочо.

Сулейманов Эльхана Кадыров Рамзанна баркалла элира могашаллаIалашъяран гIуллакхаш кхочушдарехь цо даима а гIо-накъосталла дарна.

– Больница тояран белхаш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, хIокху шарахь дIаболийна бара. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2019-гIа шо МогашаллаIалашъяран шо ду аьлла, дIакхайкхор бахьанехь, дуккха а проблемаш дIаяха аьтто баьлла. Республикин психиатрин больницехь синIаткъаман цамгарш йолчу дархошна лерина 330 маьнга бу, дийнахь-буса больницехь церан Iан йиш йолуш. Карарчу хенахь, лазархошна а, цаьрга хьажа богIучарна а дерриге а хьелаш ду больницехь, иштта, лаккхара хаарш долчу говзанчийн медицинин гIоьнах пайдаэца аьтто а бу кхузахь, – дийцира министра.

Гуьмсан кIоштан къедас доIа динчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана а, Сулейманов Эльхана а, больницин коьртачу лоьро Сатаев Геланис а, цIен аса а хадош, схьайиллира больница.

Даздаран дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, гулбелларш психиатрин больнице хьаьвсира.

ХIинца больницехь божарийн кхо отделени ю: №1 йолу отделени – 80 маьнга болуш, №2 ерг – 80 маьнга, ткъа №3 йолу отделени 40 маьнга болуш ю.

Иштта, кхузахь ю зударийн №4 йолу отделени (60 маьнга а болуш), берийн №5 йолу отделени (40 маьнга лаьтташ), реабилитацин отделени (30 маьнга).

Цул сов, кхузахь йина, бассейн а йолуш, хица дарбанаш леладойла а, иштта, цомгашчарна къинхьегаман терапи ярна лерина теплицаш а.

Дарбанхи юьртарчу психиатрин больницо кхочушдо республикин Гуьмсан, Нажи-Юьртан, Курчалойн, Веданан, Шелан, Теркан, Невран, Шелковски кIошташкарчу а, иштта, Соьлжа-ГIаларчу а, Устрада-ГIаларчу а лазархойн хьашташ.

I.МУРТАЗОВ
№79, эсаран (октябрь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: