Билгалбевлла Къоман премин финалисташ

ХIокху шарахь Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствос Гатанан (парусан) спортан федерацица цхьаьна вовшахтоьхна хилла «Къоьзан-Iоман Кубок» гатанан спортан къийсадаларш а, Соьлжа-ГIалин мэрис вовшахтоьхна хилла Къилбаседа Кавказехь хьалхара берийн регата а Къоман премин «Russian Event Awards» хиламан туризман декъехула финалисташ хилла. Россин Федерацин туризмехула йолчу Федеральни агентствон хаамийн накъосталлица дIахьош ду преми ялар.

ХIокху шарахь премина чуелларг Россин 33 регионера 260 проект яра. Нохчийн Республикера цига чуелла хилла ший а проект финале яьлла, «Къоьзан-Iоман Кубок» – «Спортан декъехь уггаре а дика туризман хилам» номинацехь, Къилбаседа Кавказехь хьалхара берийн гатанан регата – «Уггаре дика берийн туризман хилам» номинацехь.

Эсаран (октябрь) беттан 18–19-чуй деношкахь Москвахь, Россин Федерацин Юкъараллин палатехь, экспертни жюрина хьалха проекташ чIагIйинчул тIаьхьа, дIахьур ду толамхо билгалваккхар.

Дагадоуьйту Гатанан дуьненаюкъара «Къоьзан-Iоман Кубок» регата хIокху шеран мангалан (июль) беттан 23–28-чуй деношкахь Къоьзан Iома тIехь дIаяьхьна хилар.

Рекордийн книги юкъаяхана иза Евразехь хIордан тIегIанца 1 870 метр лекха дIаяьхьна хиларна.

Цигахь дакъалецира Россерчу, Украинерчу, Германерчу, Италерчу, Эстонерчу, Финляндерчу, Чехерчу спортсменаша.

Асаран (июнь) беттан 26–30-чуй деношкахь Нохчийн Республикин исторехь дуьххьара А-Хь.Кадыровн цIарах Къилбаседа Кавказан Кубок къовсуш, Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира берийн гатанан регата.

Волгоградера, Краснодарера, Новороссийскера, Сочера, Геленджикера, Приморско-Ахтарскера, Керчера, Москвара 11 яхтклубера 83 къоначу яхтсмена дакъалецира цигахь.

ХIетахь, «Соьлжа-ГIалин хIорда» тIехь, Россехь шех тераниг хилла йоцу исбаьхьа хин-шоу хилира. Цигахь дакъалецира тоьллачу 39 экстремалан спортсмена.

Л.РАГИМОВА
№79, эсаран (октябрь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: