Поэзехь – ахбIешо

Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Яричев Iумаран кхоллараллин суьйре дIаяьхьира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствос, Яздархойн союзо, Къоман библиотеко.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь I.Каримов, Яздархойн союзан председатель К.Ибрагимов, гIарабевлла яздархой, студенташ, Iумаран гергара нах.

Шен рогIехь вистхиллачу I.Каримовс элира: «Итт-шийтта шо хьалха оьрсийн маттахь язъеш берш нохчийн литераторш а я яздархой а бац бохуш, къамелаш хезара. ХIинца и хIума вайна юкъара дIадаьлла Далла хастам бу. Дера бу уьш-м нохчийн яздархой а, поэташ а. Нохчийн яздархой муха ца хуьлу уьш, масала, церан говзарш ингалсан, чинийн, Iаьрбийн, кхечу меттанашка а яьхна, Нохчийчохь долу хьал дуьненна а дIадовзийта таро луш хилча. Вовшийн цхьана а тайпана новкъарло ца еш, тахана, Дала мукъ лахь, цкъа а ца хиллачу кепара яздархойн вовшашца марзо а ю, цара вовшашна накъосталла а до. И ду вайн къомана оьшург. Дала Iумар вайна могаш-маьрша а волуш, дукхавахавойла. Iумар вайна массарна везаш ву, ца веза цхьа а бахьана а дац, хIунда аьлча, кхуьнан белхан жамIаш вайн къомана пайдехь ду. ХIара цхьана а стагаца гамо йоцуш, дика адам а ду».

I.Яричевс элира: «Бакъдолуш, аш чIогIа эхь хетийти суна, со хестош. ЧIогIа хазахета сан къам сох кхеташ а, со лоруш а хилар. Суна иза уггаре а лакхара совгIат ду. ХIунда аьлча сайн къам ца хилча со ван а вац, сайн къам ца хилча сан мах а бац. Цундела, ас, АлхьамдулиЛлахI, Далла хастам бо тIемаш цахиларна, маьрша даха аьтто хиларна. Со чIогIа хазахеташ ву сайн кхоллараллах сан къам кхеташ хилар. Ас дозалла до цунах. Дела реза хуьлда шуна».

Яричев Iумаран зорбане яьлла 16 книга оьрсийн маттахь, шиъ нохчийн маттахь.

«Оьрсийн дуьне сан поэзехь», «Нохчийн дуьне сан поэзехь» кхин ши книга зорбане яккха кечйина а ю.

Дуккха а теманаш – нохчийн къомах, вайн республиках, дIадохорах, тIамах, и.дI.кх. – чулоцуш ю цуьнан поэзи.

Цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш дIааьлла Димаев Iелас, Барыкин Александра, Ясаев Мохьмада, кхечара.

Къамелаш динчара билгалдаьккхира Яричев Iумар, цхьана а кепара шеко йоцуш, поэт бохучу маьIнехь вуьззина говзанча хилар.

Вевзачу журналиста, яздархочо Хь.Аболхановс ма-аллара: «Муьлхачу маттахь язъян еза? Шена хуучу маттахь. Муьлххачу оьрсичунна а я оьрсийн мотт хуучунна а Iумаран байташ ешча, «ХIорш гочйина юй техьа?» «Нохчичо иштта дика яз а йийр юй те?» ХIара-м оьрсийн поэт велахьара дика ма дара» аьлла хетар долуш говза язйина ю уьш».

Баьхкинчара поэтан байташ а йоьшуш, Iумара шен Захаров Петрах лаьцна керланиг а, нохчийн зудчунна лерина а байташ йоьшуш, дIаяьхьира суьйре.

Л.ИБРАГИМОВА
№79, эсаран (октябрь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: