Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь толам баьккхина 70 шо кхачарца!

Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман аренашкахь турпалаллица эгна вайн миллионаш махкахой. Цара шайгара инзаре доккха доьналла, майралла, стогалла гайтина. Цара шайн дахарш д1аделла фашистийн кхерамах вайн сийлахь мохк, Европа, дерриге а дуьне лардеш.

Тахана вай хьакъ доллу сий а, ларам а бо вайн дайн, дедайн – Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман фронтовикийн а, тылан къинхьегамхойн а. Вайн декхар ду оцу шерийн хиламийн хьокъехь долу бакъдерг лардар, кхелхинчеран сий-ларам бар, уьш иэсехь латтор, ветеранийн хьокъехь хаддаза, к1ад ца луш, г1айг1абар.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а боккха тидам т1ебохуьйтура т1еман ветеранашна, церан г1айг1а бора, терго йора. Иза кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетара, кхочушдора церан хьашташ, г1одора церан доьзалшна. Х1окху толаман дийнахь, 2004-чу шеран 9-чу майхь, шен б1аьхаллин декхарш кхочушдеш а волуш, дахарера д1авахара Ахьмад-Хьаьжа. Д1авахара, тоьлла а волуш!

Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь салташа а, эпсарша а шайгара гайтина доьналла а, майралла а т1аьхьенашна б1аьхаллин а, патриотизман а б1аьрла масал ду олура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.

Нохчийн Республикин бахархоша тахана дозалла до шайн лаамехь т1аме х1иттина хиллачу вайн иттаннаш эзарнаш махкахойх. Цара майра, шайн синош ца кхоош т1емаш бира Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман тайп-тайпанчу фронташкахь, мехала хазна юкъайиллира Сийлахьчу Толамна.

Сийлахь-боккха Толам баьккхина 70 шо кхочучу хенахь нохчийн халкъе самукъане кхаъ кхаьчна Соьлжа-Г1алина «Б1аьхаллин сийлаллин г1ала» сийлахь ц1е тилларца. Нохчийн Республикин хьалкъаша шайгара турпалалла гайтар къобалдаран рог1ера билгало хилла д1ах1оьттина иза. Вай баркалла боху къоман баьччина Путин Владимирна фашизмана дуьхьал д1абаьхьначу къийсамна нохчийн халкъо юкъа йиллинчу хазнин оццул лакхара мах хадорна. Билгалдаккха лаьа фашистийн Германин а дуьхьал д1абаьхьначу къийсамехь б1аьхаллин хьуьнарш гайтарна эзарнаш нохчашна – салташна а, эпсаршна а пачхьалкхан лаккхара совг1аташ дина хилар. Вайн иттех махкахочунна Советийн Союзан Турпалхочун сийлахь ц1ерш елла. Церан ц1ерш дашочу элпашца д1аязйина Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман тептарша т1е.

Хьомсара махкахой!

Х1окху дезачу дийнахь лаьа шу маьрша дехийла, шун доьзалшкахь ирс, аьтто, беркат, лаьттийла!

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: