«Волгин тулгIе» фестиваль

Дукха хан йоццуш Саратовн областехь «Волгин тулгIе» книгийн дуьненаюкъара ярмарка-фестиваль хилира.

Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин а, Федерацин Кхеташонан а, Россин книгийн союзан а, Саратовн областан Правительствон а гIоьнца вовшахтоьхна яра ярмарка-фестиваль.

«Волгин тулгIе» книгийн фестиваль-ярмаркин пхи шо кхачаран хьалхара юбилей а яра цигахь билгалйоккхуш.

ХIора а шарахь, кхачамбацарш дIа а дохуш, хьалхачул а дика вовшах а тухуш, книгашъешархоша езаш тIе а оьцуш, шорлуш ю фестиваль.

«Волгин тулгIе» ярмарка-фестиваль Саратовн областан культурин уггаре а мехалчу гIуллакхех цхьаъ ду.

Россин регионашкара а, кхечу пачхьалкхашкара а векалш бара шайн халкъан литературица а, историца а, культурин а, кхечу Iилманийн а книгашца а оцу фестиваль-ярмаркехь дакъалоцуш.

Нохчийн Республикера цигахь дакъалоцуш вара «Книжное издательство» предприятин куьйгалхо, «Къилбаседа Кавказан книгийн палата» организацин куьйгалхо Матаев Анзор.

– Оьрсийн маттахь язйина а, оьрсийн матте гочйина а нохчийн яздархойн книгаш а, нохчийн халкъан туьйранаш а, нохчийн историн книгаш а, нохчийн къоман духарш а даьхьнера ас оцу фестиваль-ярмарке. Вайн республикин цIарах Саратовн областехь болчу векалша доккха гIо-накъосталла дира суна. Иштта, цара культурин декъехь къахьоьгуш болу нохчийн кегийрхой а, зудабераш а дахкийтинера къоман духарш а дуьйхина. Вайн республикин майда цара кхин а хазйира. Хелхарш деш дакъалецира оцу кегийрхоша. Вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана деш долу гIуллакхаш, цуьнан куьйгаллица кхуьуш болу мохк, экономикин а, социальни а агIор чIагIйина уьйраш бахьана долуш, массарна а вай, вайх дерг довза лаьа. Цундела, хьалхарчу деношкахь дуьйна а, дуккха а книгаш йохка аьтто хилира сан, – дуьйцу Матаев Анзора.

Книгийн ярмарка-фестивалехь дIаяьхьира семинараш а, гайтамаш а, «горга стоьлаш» а, иштта, цхьайолчу книгийн авторшца а, культурин гIуллакххошца а цхьаьнакхетарш а.

– Ас жимма хьалха билгал ма-даккхара, вайн литература оьцуш тайп-тайпанчу халкъийн векалш бара. Иштта, Саратовн областехь а, кхинйолчу герггарчу регионашкахь а бехаш болу, ярмаркех лаьцна хезна, баьхкина вайн къоман нах а кIезиг бацара цигахь. Оьцурш а, хоьттурш а, дукхахъерш, оьрсийн-нохчийн а, нохчийн-оьрсийн а дошамаш а, къамел Iаморан кепаш а яра. Иштта, къоман кхача кечбаран (рецептийн) книгаш а, туристашна меттигаш йовзуьйту буклеташ а яра. Кхузахь суна билгалдаккха луур дара, книгийн ярмаркехь дакъалацаран Iалашо, книгаш йохкарал а сов, нахана хIун тIеоьшу а, муьлха книгаш кIезиг ю а, зорбанехь йоцурш муьлхарш ю а билгалдаккхар яра. Иза суна хаа а хиира. ХIинца, Дала мукъ лахь, де-буьйса а ца къестош, мелла а алсам белхаш дIахьур бу оха, рогIерчу «Волгин тулгIе» книгийн фестиваль-ярмаркехь хIокху шарахь ца хиллачу книгашца кхачоярхьама а, вайн зорбанехь йоцу книгаш хIокхул тIаьхьа хилийта а, – элира Матаев Анзора.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№79, эсаран (октябрь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: