2004-чу шеран 9-гIа май. Оцу дийнахь хаьдда нохчийн къонахчун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дахар.
Халкъана тIе уггаре а хала киртиг хIоьттича, шен гIодаюкъ а йихкина, цунна хьалха велира иза. Цуьнан сатийсам-тIом гуттаренна чекхбаккхар бара. Шен дахар дIаделира цо халкъан ирсан дуьхьа.
Ахьмад-Хьаьжин 52 шо бен дацара декъал хуьлуш. Муьлххачу а стеган дахарх самукъадолу хан ю иза. Доьзал а кхуьий, берийн бераш а дуьйлалой. Иштта Ахьмад-Хьаьжин доьзалехь а дара. Хоси-Юьртахь, моггIара цIенош а долуш, бехаш бара Iабдул-Хьамидан, Дикин доьзалш. Даьхний а кхиош, латтанаш а лелош, хьанал рицкъ а доккхуш. Дайшкара дуьйна бусалба дин лелош, тIекхуьу чкъор ийманехь кхиош, юьртахь, махкахь лоруш нах бара. Цхьанаэшшара дIадоьдуш долу церан дахар дохийра 1990-чу шерашкахь махкахь болабеллачу политически хийцамаша.
Дукха хан ялале (1994 шо) Нохчийчохь тIом болабелира.
Нохчийн Республикин Муфти волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тIе доккха жоьпалла дуьйжира. Цу хенахь дуьйна дуьхьалвелира иза Масхадовна а, Басаевна а. Харцонаш, питанаш совцор доьхуш, тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь а, кхеташонашкахь а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула а дIахьедарш дора цо. Гуттаренна и дIасацо лууш дукхазза а теракташ йира. Вийра цунна юххера 5 жима стаг. Дуьнен чохь рицкъ хиларна Ахьмад-Хьаьжа дийна висира. Ямартхоша бинчу бохамо юха ца ваьккхира Муфти. Дог кхин а чIагIделира цуьнан, къийсаман ницкъ кхин а совбелира.
Махкахь деш долу зуламаш де-дийне мел долу алсамдовлуш дара. Къаьсттина карадирзинера –нах идор.
Халкъ Iинах доьдуш дара. Орцах вала стаг вацара. ТIом бала юха а нохчийн хIусамашка бало герзах боьттина нохчийн тIемалой Дагестан чу бахара. 1999-чу шеран гуьйранна иза Нохчийчохь юха а тIеман цIе летира.
Дерриге а Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, хилира. Цо дина дIахьедарш, даьхна орца, хиндерг хууш дина хиллий, хIинца гуш дара. Амма, тIаьхьа дара.
2000-чу шеран июнь баттахь Республикин ханна йолчу Администрацин куьйгалле хIоттийра А-Хь.Кадыров. Гуьмсехь яра Администрацин гIишло. Министерствош а, ведомствош а яцара. Церан меттана тайп-тайпана отделаш яра.
Ахьмад-Хьаьжас отделийн куьйгалхой а гулбина дуьххьара йинчу кхеташонехь наггахь бен хьалхара куьйгалхо вацара. Дукхахболчу хьаькамаша шайн заместительш бахкийтинера. Оцу цхьаьнакхетарехь Кадыровс динчу къамело кхеташонан дакъалацархойн бIаьрг буьзна ца Iаш, телевизор чухула и программа мел гинчун хьовсархойн а дог-ойла хийцира. Иштта хуьлура хIоразза а. Нехан уггаре а чIогIа дог лозуш дерг хьалха а доккхуш, болх бора цо. Царах дара – тIепаза байна нах лахар, бехк боцчу кегийрхошна деш долу таIзарш совцадайтар. Цул тIаьхьа дара экономика а, социальни дакъа а, культура а кхиор.
Республикера тIом ца берзийта лелош дара и зуламаш. Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъостий оьшура. Уьш бара, амма, кIезиг бара. Хьуьнхарчу тIемалошна юккъехь доьналла а, майралла а йолуш дуккха а кIентий бара. Уьш маьршачу дахаре юхаберзо безара. Федеральни центро и гIуллакх къобалдийр ду, я дац, ала хала дара. Цу декъехь болх бан безара. Дерриге а Россин Президентах доьзна дара. Цунах тешара Кадыров. Ахьмад-Хьаьжех Путин а тешара.
Герз охьа а дуьллуш, жим-жима тIемалой маьршачу дахаре юхаберза буьйлабелира. Цул тIаьхьа нохчийн милици кхоьллира, царах герз а тешийра. Хьалха нахана кхерамаш туьйсуш лаьттинчу посташкахь хIинца федеральни эскархошца цхьаьна нохчийн милцой бара. Иза боккха кхиам бара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин балха тIехь.
Амма оцу муьрехь а кIелонаш еш берш а, тешнабехк бан гIертарш а хуьлура. Цхьана агIор хилла ца Iара уьш. Iедалан белхахой, имамаш, администрацийн куьйгалхой бойъуш лелаш цхьа тоба яра, тIом берзийта ца лууш болу федеральни ницкъаш бара, федеральни центрехь Россин Президентан оппозицехь болу политикаш, бара. Царна массарна дуьхьал къийсам латто хьуьнар, доьналла, хьекъал, собар оьшура. И дерриге а Ахьмад -Хьаьжехь дара. Юххера накъостий а бара цуьнан тешаме. Уггаре – цуьнан кIант Кадыров Рамзан. Цу хенахь иза жима хиллехь а, цуьнца боьзнера дас шен берриге а сатийсам. Хьалхарчу дийнахь дуьйна Ахьмад-Хьаьжина юххехь хилла Алханов Руслан, Тагиров Iела, Делимханов Адам, Яхъяев Руслан, кхиберш а. Царна тешаме накъост хилла ца Iаш, гIоьнча а, хьехархо а хилла лаьттира иза.
«ХIара тIом сацо ца беза, хIара тIом гуттаренна чекхбаккха беза», – олура цо. Цунна иза чекхбаккха хиира. Уггаре а хьалха цо вовшахтуьйхира декъаделла халкъ, цунах бертахь боккха доьзал бира. Цул тIаьхьа, лазаме кхачамбацарш дIадехира.
Ахьмад-Хьаьжас кхин а дуккха а гIуллакхаш дина хир дара, ямартхоша тешнабехк ца бинехьара. Иза вайн юкъара турпалхо санна дIавахара, халкъан иэсехь даима ваха а вуьсуш. Шен халкъ балех даьккхина волу нохчийн халкъан баьчча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн дозалла ду».
ДУДАЕВА Билкъис