Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Правительствон Председательца Хучиев Муслимца.

Дийцаре дира регионера социально-экономикин хьал а, иштта, инвестицийн бегIийлаш (инвесторийн тидам тIеозор болчу агIор) лакхаяккхаран гIуллакхаш а.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира таханлерчу дийнахь республикехь Iер-дахаран мехалчу дакъошкахь дикачу агIор хийцамаш хаалуш хилар. Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, цо инвесторийн къаьсттина тидам тIеозабо.
«Дозанал арахьарчу дуккха а инвесторша, компанеша вайн регионца шайн бала хилар гойту. Масала, СаIудийн Арави Нохчийчохь цхьамогIа яккхий проекташ кхочушъян кийча ю. Царах цхьаъ ю Веданан кIоштахь жа лелон йоккха предприяти яр. И проект кхочушъяро 50 сов белхан керла меттиг кхолла а, иштта, Нохчийчохь даьхнилелор кхион а таро лур ю», – элира цо.
Хучиев Муслима дийцарехь, оцу проектана инвестор хIинцале билгалваьлла, карарчу хенахь оьшуш долу кехаташ кечдеш ду.
«Оцу предприятина Веданан кIоштахь билгалдаьккхина 9 эзар гектар латта. Со Москвахь инвесторца цхьаьнакхеттера. Мехала хIун ду аьлча, меттигерчу бахархошкара 1 000 уьстагI эца кийча ву иза», – элира М.Хучиевс.
Цо иштта Кадыров Рамзанна бовзийтира тIаьхьарчу эхашарахь социально-экономикин декъехь баьхна болу коьрта кхиамаш.
Правительствон Председатела дийцарехь, массо а декъехь ала мегар долуш, дикачу агIор хийцамаш бу хаалуш.
«Регионан дерриге а сурсатийн (валовой продуктан) барам 110,3 процентана алсамбаьлла. Кхузахь дан а дина дIадахьийтинчу (меттигерчу) сурсатийн а, бинчу белхийн а, кхочушдинчу хьаштийн а барам 9,4 проценте кхочуш бу. Коьртачу капиталана юкъайохкучу инвестицийн барам 27 процентана лакхабаьлла, иштта алсамбаьлла бюджетера йоцучу инвестицийн барам а. Кхиамца кхочушдеш ду Россин Президентан указаш, кхочушйо къоман проекташ», – билгалдаьккхира премьер-министра.
Кадыров Рамзана цунна тIедиллира тIаьхьо Iаьрбийн совдегаршна йовзуьйтур йолу кхин а цхьамогIа пайде инвестицийн проекташ кечъяр.
«Вайн Iалашо ю Нохчийн Республика социально-экономикин кхиоран чIагIделла болар лардар. ДуьххьалдIа цунах доьзна ду бахархойн Iер-дахаран хьал. Цундела, вайн экономикина а, социальни декъана а инвестицеш юкъаозо некъаш лаха а, каро а деза. Со тешна ву шуна уггаре а эвсара некъ карориг хиларх а, и гIуллакх дан ма-деззара аш кхочушдийриг хиларх а», – элира республикин Куьйгалхочо.
А.ВАХАЕВА
№80, эсаран (октябрь) беттан 22 де, 2019 шо