Республикин кIоштийн дозанаш тIедогIучу шеран хьалхарчу дийнахь хийцалур ду

Товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин Парламенто тIеэцначу «Нохчийн Республикин цхьайолу муниципальни цхьаьнакхетараллаш а, церан дозанаш а хийцаран а, иштта, Нохчийн Республикин законийн цхьадолчу акташна хийцамаш баран а хьокъехь» долчу законаца нийса а догIуш, тIедогIучу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь хийцалур ду цхьайолчу кIоштийн а, гIаланийн а дозанаш.

2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-ра де кхаччалц долу карта

ХIинццалц Грозненски кIоштана юкъайогIуш хилла йолу Шинасуьйра-Юкъ а, Гикало а дIатухуш ю «Соьлжа-ГIала» гIалин округах, цунна юкъайогIуш Соьлжа-ГIала а, Шинасуьйра-Юкъ а, Гикало а хир йолуш.

ХIинццалц Грозненски кIоштана юкъайогIуш хилла йолу БердкIел а, Чечана а дIатухуш ю «Устрада-ГIала» гIалин округах, цунна юкъайогIуш Устрада-ГIала а, БердкIел а, Чечана а, Примыкани а хир йолуш.

Йоккха-АтагIа, Грозненски кIоштана юкъара а йоккхуш, Хьалха-Мартан кIоштана юкъайохуьйтуш ю.

ГIулара, Грозненски кIоштана юкъара а йоккхуш, ТIехьа-Мартан кIоштана юкъайохуьйтуш ю.


2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна долу карта

ХIинццалц Грозненски кIоштана юкъайогIуш хилла йолу Дочу-Борзе а, Лаха-Варанда а, ЧIишка а, Яраш-Маьрда а Шуьйтан кIоштана юкъайохуьйтуш ю.

Буммат, ТIехьа-Мартан кIоштана юкъара а йоккхуш, Соьлжан (Эна-Хишкан) кIоштан юкъайохуьйтуш ю.

ТIехьа-Мартан кIоштарчу Iашхой-КIотаран латтанаш (тIехь нах Iаш боцурш) дIасадоькъуш ду ТIехьа-Мартан кIоштарчу ТIехьа-Мартанна а, Хьалха-Мартан кIоштарчу Гихчу-КIотарна а, Шалажина а, Роьшни-Чоьнна а, Шуьйтан кIоштарчу Хьорсаненна а юкъахь.

Цул сов, лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь Гуьмсан кIоштарчу Иласхан-Юьртарчу бахархоша къобалдахь, и юрт, Гуьмсан кIоштана юкъара а йоккхуш, Курчалойн кIоштана юкъатоха тарло.

ТIаккха, кхеташ ма-хиллара, оцу шина кIоштан дозанаш а хийцалур ду.

Иштта, Соьлжан кIоштан цIе а хийцаяла тарло керлачу шеран хьалхарчу деношкахь, хIунда аьлча, Соьлжан кӀоштан цӀе хийцар а къобалдина Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа чекхбаьллачу баттахь.

ХӀинццалц шайн кӀоштан цӀе «Соьлжан» хиллехь а, хӀинца цунна «Эна-Хишкан» цӀе тилла аьлла, Нохчийн Республикин Парламенте дехар динера Соьлжан кӀоштан Депутатийн кхеташоно.

КӀоштан цӀе хийцар къобалдаран а, цӀе хийцарна оьшуш йолу харж билгалъяккхаран а кехаташ, экспертиза яйтархьама, Пачхьалкхан регистрацин а, кадастран а, картографин а федеральни гӀуллакхалле дахьийтина.

И экспертиза чекхъяьллачул тIаьхьа кехаташ тIехь хийца йолор ю кIоштан цIе.

И.ИСЛАМОВ
№80, эсаран (октябрь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: