Россин а, Iаьрбийн мехкийн а юкъаметтигех лаьцна дийцира Кадыров Рамзана

Россин коьртачу телеканалан (Первый канал – авт.) «Большая игра» программин хаттаршна жоьпаш делира Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийцира Россин Федерацин Президент Путин Владимир СаӀудийн Араве а, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а вахарх а, иштта, Шемахь долчу хьолах а лаьцна.

Ӏаьрбийн мехкашца йолчу Россин зӀенийн а, юкъаметтигийн а хьокъехь шена хетарг довзийтира Кадыров Рамзана.

Путин Владимирх лаьцна дуьйцуш, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, цо, ша Президентан дарже ма-хIоьттина, Iаьрбийн мехкашка «доттагIаллин куьг кховдийна» хилар.

«Оцо гойту СаIудийн Аравехь а, Эмираташкахь а иза (Путин Владимир – авт.) доттагIаллин мехкан куьйгалхо санна тIеэцна ца Iаш, политикашна а, шайхашна а везна ца Iаш, бахархоша а лоруш хилар. Суна дозалла а, юьхькIам а бара историн маьIна долчу муьрехь суо цунна юххехь хилар», – дийцира Кадыров Рамзана.

Цул сов, «Большая игра» программехь цо дийцира Шемарчу хьолах а, дуьненаюкъарчу терроризмах а, экстремизмах а, дIадаханчу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу Исламан конференцех а, Нохчийчоьно Россин а, «Iаьрбийн дуьненна» а юкъахь тиллинчу тIайх а, Нохчийчуьрчу хьолах а, иштта, Нохчийчоь дийнна регионехь кхерамазалла латто хаарш а, ницкъ а болуш хиларх а лаьцна.

Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран кIира хьалха хиллачу СаIудийн Араве а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а вахарехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а вара.

Цигахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун къамел хилира СаIудийн Аравин тIаьхьалонан элица – Оборонин министраца Мухьаммад Бен Салман Аль СаӀудаца.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, Россин а, СаӀудийн Аравин а вовшашца йолу зӀенаш чӀагӀъяран а, кхиоран а декъехь историн маьӀна долу хилам лара мегар ду шина пачхьалкхан куьйгалхоша а, векалша а дӀадаьхьна цхьамогӀа цхьаьнакхетарш.

Цу тIе, Россин а, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а зӀенаш чӀагӀлуш хилар а хаийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, и зӀенаш чӀагӀлуш а, керлачу тӀегӀане йовлуш а, шина а пачхьалкхан бахархойн Ӏалашонашца йогӀуш а ю.

Иштта, республикин Куьйгалхочо тидамбарехь, Россин Федерацин Президент СаIудийн Араве а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а вахар политикаша историн а, стратегин а тӀаьхьало йолуш гIуллакх лору хӀинцале а.

И.ХАСАХАНОВ
№80, эсаран (октябрь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: