2016-чу шарахь БРИКС саммитехь (Бразилин, Россин, Индин, Чинин, ЮАР-н пачхьалкхийн ингалсан маттахь схьаэцна пхи элп ду BRICS – Brazil, Russia, India, China, South Africa) Россин Федерацин Президента Путин Владимира а, Индин Республикин премьер-министра Моди Нарендра а Россин-Индин фильм яккхаран юкъара проект кхочуш ян барт бира.

Оцу проектан автор вара «Чеченфильм» кинокомпанин коьрта директор, Къилбаседа Кавказан кинематографи кхиоран а, гIодаран а фондан президент Терекбаев Беслан.
ТIаьхьарчу 27 шарахь Россин а, Индин а дуьххьарлера юкъара проект яра иза.
Терекбаев Беслана куьйгалла дечу «Чеченфильм» кинокомпанис шина пачхьалкхо барт бина проект кхочуш а еш, дуьненаюкъара «Дика доттагIий» берийн фильм яьккхина. Пхеа матте (нохчийн, оьрсийн, хIиндийн, ингалсан, Iаьрбийн) гочйина фильм 22 пачхьалкхехь гойтур ю.
Фильман съемкаш Нохчийчохь а, Индехь а йина. Иза кхаа кIантах лаьцна ю. Туьйранан санна сюжет йолуш, делахь а, кIорггера чулацам болуш ю фильм.
Коьрта турпалхой тайп-тайпанчу динехь бу, амма церан хьекъал тоьа доттагIалла таса. Цхьабарт болуш, шайна тIехIоьттинчу халачу киртигах хьалхабовлу фильман турпалхой.
Индин бевзаш болчу актерашца Сигхом Акшайца а, Арора Ривойца а фильмехь дакъалаьцна дуьненаюкъарчу STEP киношколин арахецархоша, къоначу актераша Аслаханов Тамирлана а, Аджикамалов Мухамедрахьима а.

Фильман сценари язйинарг а, режиссер а, коьрта продюсер а Терекбаев Беслан ву.
Авторна фильм йоккхуш гIо дина режиссераша Осаева Рабията, Чельцов Евгенийс; продюсерша – Осаева Рабията, Гамзян Микас, Вараев Мохьмада, Бултаев Рустама, Терекбаев Мохьмада; оператор-постановщика – Гамзян Микас; композиторша – Бородулев Кирилла а, Хашимова Зульфияс а.
Анапехь дIаяьхьначу «Киношок» кинофестивалехь «Къоман кинон тоьлла продюсер» номинацехула «Дика доттагIий» фильман лаккхара мах а хадош, хьалхара меттиг елира Терекбаев Бесланна.
И толам бахьана долуш, шен фильмаца ГIажарийчоьнан кинофестивалехь дакъалоцур ду Б.Терекбаевс. Цул тIаьхьа Желтойчу гIур ву иза.
Цул сов, «Чеченфильмо» 22 пачхьалкхаца барт бина, «Дика доттагIий» фильм оцу пачхьалкхашка прокате лург хиларан хьокъехь.
ВЕГИЕВА Макка
№80, эсаран (октябрь) беттан 22 де, 2019 шо