Дуьненан чемпионатехь пхоьалгIа меттиг яьккхина нохчийн четархоша

Ӏамаркан Аризона штатехь дӀаяьхьначу Дуьненан чемпионатехь (кубок) дакъалоцуш хиллачу Нохчийчуьрчу четархоша Freestyle декъехь V-гӀа меттиг яьккхина.

10 пачхьалкхера четархой бара къийсадаларийн 6 декъехь дакъалоцуш: 4-way FS; 8-way FS; 4-way Family, VFS; Freestyle; Freefly.

Четаран спортехула йолчу Дуьненан 22-чу кубкехь (World Cup of Formation Skydiving – 2019) дакъалоцуш хилла Нохчийчоьнан тоба, Goodsky цӀе йолуш а, Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь а яра.

Билгалдаккха догӀу оцу тӀегӀанерчу къийсадаларшкахь нохчийн четархоша дуьххьара дакъалаьцна хилар.

«Дуьненан кубкехь дакъалацар дуьххьара нисделла тхан. Йоццачу хенахь оцу къийсадаларшна кечамаш бан а, цигахь хIумма а ледара доцу жамIаш гайта а ницкъ кхечира. ТIедогIучу шарахь а цигахь дакъалаца лууш ду тхо. Цундела, Дуьненан кубок яккхархьама, кхин а дукха, кхин а эвсаре кечамаш бийр бу оха. Вуьшта аьлча, Россин а, Нохчийчоьнан а цIе ларъеш хиларх а кхеташ, тхайна тIехь долу доккха жоьпалла а хууш дакъалецира оха цигахь», – аьлла, довзийтина нохчийн четархойн къамел Россин спецназан университетан пресс-службо.

Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь аэродинамикин Goodsky комплекс схьаелларо аьтто бира нохчийн четархойн оцу къийсадаларшкахь дакъалаца.

140 гектар меттиг дIалоцуш йолчу оцу аэродинамикин комплекса чохь Iамабо спортхой.

И.АДАМОВ
№80, эсаран (октябрь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: