Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, полицин инарла-майора Кадыров Рамзана хIокху деношкахь дакъалецира республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон коллегин йоккхачу кхеташонехь.

Цигахь дийцаре дира 2019-чу шеран 9 баттахь бинчу оперативно-служебни белхан жамIаш а, ткъа иштта хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдаран некъаш а.
Кхеташонехь къамел дира Кадыров Рамзана. Цо лаккхара мах хадийра бакъонашларъяран органаша бинчу а, беш болчу а белхан.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира регионан МВД-н белхахоша шаьш республикехь маьрша дахар а, синтем а, кхерамазалла а хилийтарна кхачоярехь мел чолхе а декхарш кхочушдан хьуьнаре а, говза а хилар гайтина хилар.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун нийсачу некъаца, дIаса ца таьIаш, хьалхахьа дахаран хила хьакъ доллу жамI ду иза. Ткъа и некъ тIехьажийна бу Нохчийчоь цIинъярна, кхиорна. И декхар вай кхиамца кхочушдеш ду. Вай долчохь юкъараллин къепе ю, дахар маьрша а, синтеме а ду. Зуламаш ца хилийтарехьа, зуламаш ца дайтарехьа дIахьош кхеторан болх а бу», – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, 2019-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн органаша дика кхиамаш баьхна.
Регионера хьал дерриге а церан – бакъонашларъяран гIаролхойн – тергонехь ду.
«Лахделла зуламаш дар. Юкъараллин меттигашкахь зуламаш даран гайтам Россехь уггаре а лахара бу. Дикка лахделла шайца наркотикаш йолу а, психотропни а хIуманаш йохкарца, дIасаяхьарца доьзна долу зуламаш. Нохчийчуьра оперативни хьал чоьхьарчу гIуллакхийн органаша хаддаза шайн тергонехь латтош ду. Зуламаш динарш Iорабахар 8,5 процентана алсамдаьлла. МВД-н белхахой даима а кийча бу шайна хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан», – элира цо.
Иштта, Кадыров Рамзана, бакъонашларъяран органийн белхахошна хьалха керла декхарш хIиттош билгалдаьккхира цара шайн белхан эвсаралла лакхаяккха езаш хилар, бакъонашларъяран органаша бахархойн кхерамазаллина юьззина кхачоян езаш хилар, махкахь синтеме хьал латтон дезаш хилар.
Шен къамел дерзош республикин Куьйгалхочо баркалла элира Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Алханов Русланна а, берриге а белхахошна а шайгара лаккхара корматалла а, балхана тешаме хилар а гайтарна.
Д.АНАДЕВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 25 де, 2019 шо