Инвестицешна бегIийла хьелаш кхолларехьа гIуллакхаш до

Дакъалоцуш Правительствон декъашхой а, кIоштийн куьйгалхой а, федеральни структурийн а, органийн а республикехь йолчу урхаллийн векалш а болуш, леррина кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима.

Иза лерина яра Нохчийчохь ягорган-энергетикин комплекс кхиорна а, иштта, инвестицешна бегIийла хьелаш кхолларан гIуллакх дийцаре дарна а.

Кхеташонехь докладаш йинчара бинчу хаамашца нийса а догIуш, республикехь кхочушъян тарлуш ю 32 млрд. соьмана лерина 400 сов инвестицийн проект.

«Республикин Куьйгалхочо вайна массарна а хьалха хIоттийна Iалашо а, декхар а ду – пайдаоьцучу газаца а, токаца а доьзна долу декхарш кхин алсам ца довлийтар а, Нохчийчохь бизнесна а, совдегараллина а оьшуш доллу хьелаш кхоллар а», – билгалдаьккхира Премьер-министра.

Цул сов, цо дагадаийтара масех де хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу кхеташонехь далийначу терахьашна а, хIинцалерчу кхеташонерчу терахьашна а юкъахь башхалла хилар.

Оцу кхеташонехь, муниципалитеташа йовзийтина 40 млрд. соьмана 526 проект а ю, уьш кхочушъяро белхан 6 эзар меттиг а кхуллур ю аьлла, дIакхайкхийра.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана хаийтира уьш кхочушъяран гӀуллакх сецна лаьтташ хилар, царна оьшуш долу кехаташ законийн лехамашца догӀуш цахиларх бахьанаш а дина.

Республикин Куьйгалхочо дӀахаийтира оцу декъера хьал сихонца хийца дезаш хилар – уггаре а хьалха проектийн кехатийн бух законийн лехамашца боггӀучу кепара нисбарца а, цул тӀаьхьа шаьш проекташ кхочушъярна тӀедерзарца а.

Кхузахь, гуш ма-хиллара, 100 сов проект «яйна» хилар билгалдолу.

Пайдаэцначу токах а, газах а ахча дӀадалар республикехь лакхадолуш ду. Масала, карарчу шеран а, дӀадаханчу шеран а III-чу чийрикан сурт вовшашца дуьстича, гучудолу пайдаэцначу токах ахча дӀадалар 8,5 процентана лакхадаьлла хилар, ткъа газах – 15,4 процентана. Иштта хаам бира кхеташонан чаккхенехь Хучиев Муслима.

Делахь а, дӀалуш ахча а доцуш, коммуналан хьаштех пайдаэцарца гулделла декхарш лахдаран декъехь болх кхидӀа а дӀабахьа безаш хиларна тидам а тӀе бахийтира Правительствон куьйгалхочо.

И.ИСЛАМОВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: