ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь республикин Бусалба динан урхаллин векалша мовлад дийшира иза схьадиллина 11 шо кхачарца доьзна.

Дагадоуьйту, «Нохчийчоьнан дог» маьждиго дуьххьара шен неIарш схьаллира 2008-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнахь.
Мовлад дешначул тIаьхьа, гулбеллачара, доIа а деш, Деле дийхира нохчийн халкъана а, дуьненан берриге а бусалбанашна а диканиг а, беркат а хилийтар. Цунах лаьцна хаам бина «Грозный-Информ» хаамийн агентствос а, Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхалло а.
Билгалдаккха деза Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» Европехь а уггаре даккхийчу маьждигех цхьаъ хилар.
Маьждиг Соьлжа хин берда йисттехь ду, гонаха йоккха парк а йолуш. Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет а, Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхалла а санна, исламан комплексана юкъадогIуш ду маьждиг а.
Османийн хотIехь дина ду маьждиг. Цуьнан коьртачу залана тIехула вуно йоккха купол ю. Маьждиган еа мимаран локхалла 63 метр ю, Россин къилбехь уггаре лекхачу мимарех ю уьш.
Маьждиган чоьхьара а, арахьара а пенаш шагатIулгаца (травертин) тодина ду, ткъа интерьер кIайчу шагатIулгаца кечйина ю.
5 000 квадратан метр майда дIалоцу «Нохчийчоьнан дог» маьждиго. 10 эзар сов стаге жамаIатехь ламаз дало Делан цIа чохь.
Оццул нах ламазана дIахIитта аьтто болуш ю маьждигана гонахара меттиг а.
I.АДЛАНОВ
№81, эсаран (октябрь) беттан 25 де, 2019 шо