Воккхачу стеган дагалецамаш

17p_chechnya_026

Фашистийн Германица дIахьош бара буьрса тIом. Махкахь мацалла а, хало а яра. ТIеман цхьа-ши шо дIадаьлча, фашистийн тIелетарш совцийна, толамаш баха дуьйладелира советийн эскарш.

Оцу муьрехь, 1943–1944-чуй шерийн Iай, тхан хIусаме веара, цхьана  ханна садаIа вогIу аьлла, НКВД-н кхо гIуллакххо.

Хьалха-МартантIерчу хIора бохург санна хIусамашка баьхкинера  иштта эпсарш. Дукха хьолахь, дийнахь уьш цхьанхьа дIабоьлхура, ткъа суьйранна юхабогIура. Юьртахойн дахарна башха юкъагIертар а  дацара церан.

Шаьш фронтан хьалхарчу дозанашкахь дукха тIемаш бина, гIелделла, садаIа даьхкина ду олура цара. Дукха хье ца луш, дIагIур долуш а ду.

Дукха хан ялале, нохчий махках бахар схьакхайкхо ши-кхо де диссинчу хенахь, тхан хIусамера дIавахара кхайкхаза веана кхо хьаша. ТIаккха тхаьш чIогIа паргIатдевлча санна хийтира тхуна. ХIинца санна дагадогIу суна: къеггина хьаьжна малх а болуш, дикка йовха яра.

Ураман некъаш, хатт боцуш, дакъаделлера. Стоьмийн, къаьсттина туьркийн, дитташна тIера заза датIа кечделла, чIенгаш стамъелла, сенъелла яра.

Оцу дийнахь Iуьйранна дуьйна хаалуш дара адамаш хIинццалц ца хиллачу кепара дIасалелар. Лулара цхьаъ веана, тхан дега элира  юкъарчу сагIина ен бежана эца ахча гулдеш ду.

Кхиберш баьхкира ЦIечу эскаран деза де билгалдаккха божарий эвлайистехь дIагулбеш бу, цига вола аьлла. Амма тхан деваша Магомаев Хасмохьмад лаккхара йоза-дешар дешна а волуш, махкахь а, вайн республикехь а хуьлучу гIуллакхех дика кхеташ стаг вара (хIетахь лаккхара дешар дешна нах нохчашна юккъехь дукха а бацара).

Цо тхан керташкара (итт гергга болчу вежарийн доьзалш) цхьа а стаг  ца вахийтира дIакхойкхуш хиллачу метте, нийса ца вахийтина а хиллера (хIетахь дIагулбина хилла божарий шайн Iусамашка юха ца бохкуьйтуш, шаьш къастийна дIабигира Казахстане. Цига дIакхаьчча, кIеззиг берш бен дIа ца кхийтира шайн доьзалех).

Оцу суьйранна тхо чудирзича, карахь тапчанаш а йолуш, чувеара кхо эпсар. Царех цхьаъ тхоьгахь Iийначарех вара, ткъа важа шиъ вевзаш вацара. Тхан чохь Iийначо вукха шинга элира:

– ХIорш маьрша нах бу, герз, хумпIар чудиллий, къайладаккха. Кхаьрга герз а ма хетта, суна хаьа иза кхеран доций.

ТIаккха кхеташ дара и эпсарш тхо долчохь хIун деш Iийна. Герз а гина, со, кхеравелла, хорша а еана, юргIана кIелвуьйлира. Баьхкинчара дийцинера нохчий махках баьхна, дIабохуьйтуш  хиларх лаьцна, новкъа мел, хIун яккха мегар ду.

Арахь Iаьржа йолуш, дукха хьалхе самавелира со. Хезаш дара  жIаьлийн угIар а, бежанийн Iехар а. Дерригенах а хаалуш дара махка  бохам боьссинийла. Генара дуьйна хезаш яра лаьмнийн ярташка,  цигара нах охьабало, йоьлхучу «студебеккер» олучу машенийн гIовгIа. Уьш хаддаза дIайоьлхуш яра.

Сахилира. Оцу Iуьйранна а къеггина хьаьжна малх а болуш, екхна  яра. Ялта а, ца хилча йиш йоцу мотт-гIайба а ворданашна тIе а  доьттина, тхаьш гIаш а доьлхуш, керташкара дерриге а гулделла, тхо  Хьалха-Мартан эвлайисте дIадахара. Арадовлуш, оха дIахийцира  бежанаш а, жIаьла а. Махка бохам бар царна а хаалуш санна хетара.

Эвлайисте дIакхаьчча, тхуна гина сурт иштта дара. Бажа санна, шайн сал-палца цхьаьна цхьанаметта гулдина дара адамаш. Гобаьккхина лаьтташ салтий бара, карахь адамашна тIеерзийна автоматаш а йолуш. Дехьо юххерчу цхьана гу тIехь гулбинчарна иштта тIеерзийна, дIахIоттийна яра пулемет, юххехь лаьтташ салтий а болуш.

Оцу метте дIакхаьчначул тIаьхьа цхьа а стаг цигара меттах ца  волуьйтура. ДIасавала гIоьртинарг човхавой, юхаверзавора. Салташа  бохучух ца кхеташ, юьстахвала гIоьртина цхьа юьртахо герз тоьхна, вийна бохуш дуьйцура.

Дукха хан ялале схьахIиттийра киралелон машенаш. Уьш  цIерпоштан вагонашна тIеботта, нах Iалхан-ГIала станце дIабуьгуш яра. Тхуна  кхаьчначу «студебеккерна» тхох ах бен тIе ца хоьира. Тхан ши деваший, дейиший шайн доьзалшца станце дIабахара, ткъа тхо  бухадисира. Амма оцу дийнахь тхан дIадахар ца нисделира.

Салташа  бакъо елла,  дахана, эвлайистерчу цхьана кертара такхор бохийна, цигара гIодамаш а деана, уьш кIел а дехкина, цигахь охьадийшира.

Iуьйранна самадевлча, тхуна тIетесна хиллачу юргIанашна тIехь  доккха диллина лодара.

Оцу дийнахь тхо Iалхан-ГIала кхаьчча, цигахь тхан гергарнаш ца карийра тхуна. Уьш цига дIакхаьчначу дийнахь цIерпошта тIе а  боьттина, дIабигина хиллера. Иштта хедира тхо тхешан гергарчу  нахах (царах цхьаберш тхуна кхин ца гуш, белла дIабевлира. Бакъду, дукхахберш Алма-Ата гIала тхуна тIебаьхкина, тхо  цхьаьнакхийтира). Тхо  киранаш лелочу вагонаш тIе а доьттина, кораш-люкаш, неIарш арахула  дIа а къевлина, цIерпошт, миска  Нохчийчоь йитина, стенга боьду ца хуу некъ юьхьарлаьцна,  новкъаелира.

Беха, хала хиллера Казахстане боьду некъ. Вагонашна чохь чIогIа  дуькъа а, готта а дара. Адамаш шина гIаттехь, дIанисдинера, чохь  буржуйка олу пеш яра. Кхача кечбарх  лаьцна дуьйцийла а яцара. Иза кечбан цхьана а кепара таро яцара. Наггахь цхьайолчу станцешкахь кхача лора. Амма, цхьана вагонна чуьрчу нахана цхьана-шина яй чохь делла худар, мацделлачу, гIелделлачу адамашна кIезиг дара.

Адамаш чIогIа тешна дара шаьш новкъара юхадерзориг хиларх. Вагонашна чуьра хезара доIанаш а, Деле орца дехар а, назманаш а.

ЦIерпошт дийнахь-бусий цкъа эрна арахь сацайой, шайн  хьаштана арадовлуьйтура адамаш. Уггаре  халаниг дара вагонийн неIарш  цхьана агIор бен ца йоьллуш, нах арабовлар оццу агIор нислуш  хилла хилар. Гобаьккхина лаьтташ эскар хуьлура.

Божарий а, зударий а, баккхийнаш а, кегийнаш а – мел хала дара  вовшех лардала. Амма уьш эхь-бехках ца бухура, вовшашца эвхьаза ца бовлура. Къаьсттина хала дара зударшна. Ма боккха бала лайра   цара. Амма уьш, нохчийн зударшна хьакъ ма-хиллара, дерригенах а оьзда чекхбевлира. Новкъахь нах цамгаро хьовзош а, валар-висар  хуьлуш а меттигаш йогIура…

Велларг цIерпошт сацийначохь лай кIел дIавуллура. Кхин дан хIума дацара. Шена  тIе  тидам  бохуьйтуш дара новкъахь адамаш вовшийн чIогIа гIо лоцуш а, вовшийн лардеш а, догъоьцуш а хилла хилар. Цкъа а ца хилира цхьана бахьанина нах вовшашца эвхьазбовлуш меттиг.

Сахуьллуш самадаьхна, хаам бира тхо Казахстанан пачхьене Алма-Ата  дIакхаьчна хиларх лаьцна. Вагонийн неIарш схьайиллича, дог  хьостуш дацара хьалхахIоьттина сурт. Кхевссина догIанца цхьаьна догIуш ло дара, дегIах чекхболуш, хьоькхура шийла мох. Тхо, стерчий доьжначу ворданна тIе а хевшина, новкъадевлира. Юха а хууш  дацара стенга дуьгу. ДIакхаччалц ца сецира ло. ЧIогIа шелделлера, меца дара. Тхуна бовха кхача кечбина Iаш мила хир вара?

Буьйсанна хан яьллачу хенахь дIакхечира Алма-Атан кIоштарчу «Красный Восток» колхозе. Ша цхьа йолчу цхьана къеначу оьрсийн  зудчун хIусаме диссийра тхо. ЦIа, тоьла санна, лоха тхов а болуш, жима, тIе латта тесна дара. Уггаре а хьалха тIе тидам баханарг дара   пешахь дагош дерг дечиг доцуш, ча хилар.

– Шу-м кхидерш санна адамаш ма-ду, – цецъяьллера йоккха стаг. – Тхоьга-м шу вуно даккхий марош а долуш, адамаш а дууш ду ма бохура.

Йоккха стаг тхох чIогIа къахетта яра. «Шу гIелделлий а, мацделлий а хаьа  суна, – бохура цо, – дIо яйчохь кхехкийна бежанан неI ду, иза уьрсаца кегий дакъош деш, хедийча, даало шуна. Сан кхин кхача бац». Шен дан таро йолчу барамехь гIо-накъосталла дира цо.

Де-буьйса хийцалуш, шерашца гIулчаш йохуш, сихъелла, хьалха ца  юьйлуш, гIелъелла, тIаьхьа ца юьсуш, шен цхьанаэшшарчу боларца  дIайоьду зама. Цуьнан йохалла дIадовлу бIеннаш, эзарнаш, цул тIех а  шераш… Иштта дIайоьду иза хаддаза. Зама дIаяхарца адамийн дахарехь нисло цкъацкъа кега-мерса хилла, церан кхолламехь йоккха лар ца юьтуш долу гIуллакхаш.

Уьш сихха дицлой, хьалха хиллачуьнга доьрзий, дIадовлу. Амма заманан  йохалла хIун ду адамашна, дийнна халкъашна ца гуш, цара шайна тIехь ца ловш – кегий а, даккхий а. Уьш а адамийн чкъоьрнаш  хийцадаларца, дукха хьолахь, тIаьхьарчу тIаьхьенна дийцаре, тIаккха бахаре доьрзу. Адамийн  кхетамна гена довлу.

Амма зама мел дIаэхарх, адамийн чкъоьрнаш мел хийцадаларх вайн нохчийн халкъан тIаьхьарчу  тIаьхьенашна  цкъа а дицлур доцуш ду  цхьаъ – дIадахначу бIешеран 40-чу шерашкахь вай махках даьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азе а дIадахийтар, цигахь вай мацалла, шело лар, вайн сий дайар, бала лар, хIаллакьхилар.

ТIеттIа лахлуш бу хIетахь дехачу кхойтта шарахь вайн халкъаца  лелийна харцо шайн сица, догIмашца лайначу, дагца Iаьвшинчу  адамийн барам. Цундела мехала ду нохчийн халкъан юкъара бохам шайна гинчу, шаьш лайначу наха цунах лаьцна дош алар, тIаьхьарчу тIаьхьенна иза диц цадалийтар.

С.МАГОМАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: