Бераш дукха а дезаш, цаьрца кIеда-мерза а йолуш, дика хьехархо ю Шелан кIоштан Жимачу АтагIарчу №1 йолчу юккъерчу школехь юьхьанцарчу классашна хьоьхуш йолу Асабаева Элиса.

Школехь дика дешарца къаьсташ яра Элисас доьшуш хилла класс. Дешаран декъехь долу гIуллакхаш вовшахтоха дика хаьара цунна. Школехь доьшуш йолуш къастийра цо шен говзалла. Школа кхиамца и чекх а яьккхина, деша яхара Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте, 1994-чу шарахь кхиамца и чекх а яьккхира.
Э.Асабаевас шен къинхьегаман некъ дIаболийна Жимачу АтагIарчу №1 йолчу школехь. ХIинца, 3-чу «Б» классана хьоьхуш ю. Ткъе бархI шо ду цо цигахь болх бо. Оцу хенахь шега дешархойн а, дай-нанойн а, белхан накъостийн а ларам кхоллабалийта ницкъ кхаьчна цуьнан. Болх дика барна елла дуккха а Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а ду Элисин.
Ша тIелаьцнарг жоьпалле гIуллакх дуй а хууш, хьанал къахьоьгуш схьайогIу иза. Юьхьанца, хала долчу хенахь, берашка болчу безамо ницкъ лора цунна. Вайн хаза гIиллакхаш а марздеш, дешархошна дуккха а пайдехь дерг хьоьху цо. Иштта, дешархой вовшашца гIиллакхе хила Iамабо. Цхьаъ вукхул лакха а ца воккхуш, шен дешархой, берриге а, цхьатерра, дукхабеза цунна.
«Вайна ма-хаъара, хьехархочунна тIехь дерг деза а, доккха а жоьпалла ду, – бохура Э.Асабаевас – Цо кхиайо вайн къоман кхане. Сан дахарехь дуккха а дикачу адамашца гергарлонаш тасаделла сан. Цундела сайн Iалашоне кхаьчна со. Халонаш хиллехь а, цуьнга хьаьжна доцуш, хьалхахьа яха ницкъ белла Делах тешаро».
Шайна хьоьхург дика схьа а лоцуш, Элиса лара а лоруш бу цуьнан дешархой. Дай-наной а чIогIа реза бу шайн берийн хьехархочунна. Э.Асабаева ша баьхначу кхиамех тоам бина Iаш яц. Даима а шен хаарш тIедузуш, керлачунна тIегIерташ ю. Шен доьзална а, белхан накъосташна а дика масал хилла еха иза.
«Берашца, воккхачуьнца санна ларам а болуш, дуьхьалкхеттачохь елалой йистхуьлуш, цхьа башха, кIеда амал йолуш ю Асабаева Элиса, – бохура цуьнан дешархочун нанас Юнусова Хьавас. – Элиса дукхахболчарна евза дика хьехархо санна. Евза цуьнан цхьа шатайпа, берийн сине кхочуш йолу амал а. Ша дуьйцург дешархойн ойланашца доззалц дийца хаьа цунна. Тхуна дукха а езаш, оха лара а лоруш хьехархо ю иза. Йинчу денца даггара декъалъян лаьа Асабаева Элиса, цуьнан дешархойн а, церан дай-нанойн а, белхан накъостийн а цIарах. Дала, доьзалехь барт-безам а, ийман-беркат а долуш, ирсе дуккха а яхайойла хьо! Балха тIехь кхиамаш хуьлда хьан!»
Л.ИБРАГИМОВА
№81, эсаран (октябрь) беттан 25 де, 2019 шо