2009-чу шарахь Россин Федерацин культурин министерствос къобалдира Нохчийн Республикин культурин министерствос дуьненахь а вевзаш, лоруш хиллачу СССР-н халкъан артистан, Социализман Къинхьегаман Турпалхочун Эсамбаев Махьмудан цIарах хелхарийн дуьненаюкъара фестиваль-конкурс дIаяхьар. ХIетахь дуьйна, хIора шарахь дIахьош ю иза. Иштта, Эсамбаев Махьмудан цIарах хелхаран дуьненаюкъара рогIера XI-гIа фестиваль-конкурс дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.

– ЦхьайтталгIа шо ду нохчийн къоман сийлахьчу кIентан Эсамбаев Махьмудан цIаро хореографи езарш а, цуьнан сий-пусар дийриш а хIокху сцени тIехь цхьаьнатуху. Вайн республикин куьйгалло дерриге а хьелаш кхоьллина, дуьненаюкъарчу тIегIанан конкурсаш дIаяхьа а, хьеший тIелаца а. Цундела, шо-шаре мел долу а, конкурс шорлуш ю, ткъа вайн декхар конкурс дIаяхьаран дикалла тIеттIа лакхаяккхар ду, – элира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.
Шо-шаре мел долу а конкурсехь дакъалаца луурш алсамбуьйлуш бу. Мисарара, Болгарера, Сербера, Беларусера, Гуьржийчуьра, Украинера, Къилба ХIирийчуьра, Таджикистанера, Узбекистанера, Россин Федерацин 22 регионера конкурсанташ бара ХI-чу фестиваль-конкурсехь дакъалоцуш. Ткъа итт шарахь конкурсехь дакъалаьцна гергарчу а, генарчу а 24 пачхьалкхера 660 хелхарчас.
ХIокху шарахь иза вовшахтоьхначара цхьацца хийцамаш бинера. ХIинццалц толамхой кхаа номинацехула билгалбохуш хиллехь а, хIинца «ша цхьамма» а, «шимма» а хелхарийн номинацешкахула билгалбехира толамхой.
Исбаьхьаллин-сценин вастан а, хелхар дан хааран техникин говзаллин а, хелхарца йогIуш йолу музыкин а, сценин костюман а дикаллин мах хадийра жюрис.
Гран-При совгIатца а, I-чуй, II-чуй, III-чуй даржийн лауреаташца а, конкурсан жюрин а, Нохчийн Республикин культурин министран а совгIаташца а, хьовсархоша дукха кхаьжнаш деллачунна лерринчу совгIатца а билгалбехира конкурсан толамхой.
– Конкурсана кечам лаккхарчу тIегIанехь бина. Конкурсанташа а дика кечам бина хилар гуш дара. Делахь а, массо а толамхо хила йиш яц, бакъду, аш кхузахь дакъалацар а бу толам. Суна кхин а цхьа хIума ала луур дара – Россин дукха а фестивалашкахь хилла со, амма, кхузахь, Нохчийчохь санна, культурин фестивалашна терго еш, цуьнца бала болуш мехкан куьйгалла ца гина суна. Иза шун, нохчийн, ирс ду. Сай къамел дерзош, даггара баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин куьйгаллина Эсамбаев Махьмудан сийнна конкурс дIа а кхайкхийна, цуьнан цIе яхийтарна, – элира жюрин председатела, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а искусствон хьакъйолчу гIуллакххочо Уральская Валерияс.
Конкурсан коьрта совгIат – Гран-При даьккхира Нохчийн Республикин векалша И.Хасаевс а, Ф.Абкаровас а. СовгIатана 100 000 сом ахча а делира царна.
«Ша цхьамма» хелхаран номинацин I-чу даржан лауреат хилира ГIезалойн Республикин векал В.Уткин, ахчанан совгIат – 70 000 сом. II-чу даржан лауреат хилира Москва гIалин вахархо Н.Никитин а, Беларусь Республикера Е.Лесная а, совгIат – 50 000 сом. III-чу даржан лауреат – М.Борисовский а (Алтайн мохк), О.Мухамметалиев а (Казахстан), совгIат – 30 000 сом ахча.
«Шимма» хелхарийн номинацехула I-чу даржан лауреат Къилба ХIирийн Республикера А.Бязрова а, И.Санакоев а хилира. СовгIат – 70 000 сом ахча. Санкт-Петербургера П.Волкова, В.Ильина, Болгарера В.Васильев, И.Недьялков а II-чу даржан лауреаташ хилира, хIора а тобанна совгIатана 50 000 сом ахча делира. III-чу даржан лауреаташ хилира М.Нателашвили а, Л.Бурчуладзе а (Гуьржийчоь), ахчанан совгIат – 30 000 сом.
Хьовсархоша шайн кхаьжнаш дIаделира ГIалмакхойн Республикерчу А.Надбитовина а, Д.Босходжиевна – 20 000 сом ахчанца совгIат а дира цу шинна, Нохчийн Республикин культурин министран совгIат (20 000 сом ахча) вайн махкахочунна А.Чапсуркаевна делира, ткъа жюрин совгIат (20 000 сом ахча) Омскан областерчу М.Барашковина делира.
Гран-Прин совгIатхо а, лауреаташ а билгалбевллачул тIаьхьа, кхин а цхьа совгIат дира конкурсан дакъалацархошна.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президента Кадыров Айманис хIоранна 50 000 сом ахча даийтинера. Нохчийн культурин куьйгаллина боккха юьхькIам а, хаза кхаъ а бара и совгIат.
ВЕГИЕВА Макка
№81, эсаран (октябрь) беттан 25 де, 2019 шо