Махкахошна дукха еза

Нохчийчоьнан сцена къагийначу похIмечу эшаршлакхархойх цхьаъ ю Нохчийн Республикин халкъан артистка Гетагазова Iайнаъ.

БIаьстенан Iуьйренца йохьеюьйлуш ю цуьнан хазалла. Ткъа зевнечу озан исбаьхьалла шен башхачу декарца милла а йийсаре лаца ницкъ кхочуш ю.

Iайнаъ Соьлжа-ГIалахь йина, бераллин аьрха шераш Республикин коьртачу шахьарахь дIадахана цуьнан. Дукха хьалхе нохчийн мукъамаш дезаделла, цаьрца даггара гергарло лелош ю иза.

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчохь сингаттамаш деба боьлча, 1994-чу шарахь шен доьзал эцна, Соьлжа-ГIалара Ташкенте дIавахара Iайнаан да Гетагазов Мохьмад. Цигахь чекхъяьккхира йоIа юккъера школа.

2002-чу шарахь Ташкентехь дуьненна гIараваьллачу советийн композиторан Глиэр Рейнгольдан цIарахчу музыкин школин эстрадин отделенин «Вокал» чекхйоккху йоIа.

Музыкин Iилманан баххашна тIекхийдар кхидIа а дIахьо Iайнаа. Йижарийн ГнесинагIеран цIарах Москвахь йолу «Эстрадин а, джазан а искусствийн колледж» кхиамца чекхйоккху цо 2007-чу шарахь.

Цул тIаьхьа, шен ворхIе да ваьхначу ГIалгIайн махка цIайоьрзий, сцени тIехь болх бо.

Цуьнан зевнечу эшарша, башхачу озо йийсаре лоцу ладогIархойн дегнаш. Гетагазова Iайнаъ «ГIалгIайн Республикин хьакъйолу артист» сийлахь цIе дозаллица лелош ю.

Кхоллараллин кхиамаша, хьаналчу къинхьегамца яьхначу толамийн ирхенаша даг тIе куралла-м ца йоссийна цунна. ПохIме артистка даима а кхоллараллин лехамашкахь ю, хаддаза керлачу анайисте кхийдаш ю.

Балхана юкъара ца йолуш, Москвахь Пачхьалкхан урхаллин а, бакъонан а институт чекхъяьккхина цо 2016-чу шарахь.

2018-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь дуьйна Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонехь солистка а ю иза.

Артисткин зевне аз а, адамаллех юьззина йолу амал а езаелла вайн махкахошна. Массарна мерза кхаъ хуьлу Соьлжа-ГIалахь дIахьочу концерташкахь дакъалоцуш Iайнаъ хилча.

Вайн махкахошна къаьсттина дукхаезаеллачарах ю цо дIалокхуш йолу «Вежарий», «ХIун дича хир яра», «БIаьсте яьлча», «Еза алал хIай», «Фаьра хьазилг», иштта дуккха а кхийолу эшарш.

А.АРАПХАНОВА
№81, эсаран (октябрь) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: